Инфоурок Другое Рабочие программыТематическое планирование по чеченскому языку 3 класс

Тематическое планирование по чеченскому языку 3 класс

Скачать материал

 

Юкъара дешаран  муниципальни учреждении

« Юкъерадешаран школа № «6»

Соьлжа- г1алин

 

 

 

 

 

 

 

«Рассмотрено»

на заседании МО «НШ»

   ______ Абаева Б.И.

  Протокол № 1от

«__»_____20____г.

        «Согласовано»

Зам. директора по УВР

______ Абаева Б.И.

«____» ________20__ г.

                 «Утверждаю»

Директор МБОУ «СОШ№6»

                  г. Грозного

______ Джаубатырова А.С.

«____» _______ 20___ г.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

НОХЧИЙН МОТТ ХЬЕХАРАН РУЗМАНАН ХЬЕСАП

(календарни планаш)

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Хьехархо: Джамалдинова Т.Ю.

2017-2018 деш.ш.

Нохчийн меттан  юьхьанцарчу классашна герггарчу хьесапехь йолу программа

 

ДОВЗИЙТАРАН КЕХАТ

Нохчийн меттан  предметан башхаллаш,1алашонаш, декхарш.

Юьхьанцара юкъарадешаран школа - мехала, керла, жоьпаллин мур бу беран дахарехь: х1окху школехь д1адолало диллина долу дешар, кхузахь шорло цуьнан гонахарчу дахарца йолу юкъаметтигаш, хийцало юкъараллин дарж а, ша -шен вовзийта оьшуш хилар а совдолу. Т1аьхьа хиндолчу дерриге а дешаран бух кхуллу юьхьанцарчу школашкахь. Юьхьанцарчу школехь нохчийн матто, кхечу предметаша санна, меттан 1илманан декъехь шен маь1ница а йоккха меттиг д1алоцу. Цуьнан дешарца а, кхетамца кхиорехь а доккха маь1на ду.

Маттах лаьцна хаарш, барта а, йозанан а къамелан хаамаш караберзорца дешархойн таро хуьлу кхийолу дешаран предметаш а кхиамца 1амо, цуьнца цхьаьна гонахарчу дахарх дозуш долу шайн хаарш шордан.

«Школана хьалха лаьтта декхарш кхочушдарехь 1аламат доккха маь1на ду ненан меттан, х1унда аьлча школо болх оцу маттахь д1аболорца караерзайо беро дахарехь гулйина а ненан маттахь билгалйолуш йолу а хьекъалан хазна. Оцу кийчачу буха т1ехь школо д1ах1оттабо ша кхид1а а бен болу болх, аьлча а дуьненах лаьцна болу берийн кхетам алсам а боккху, уьш г1иллакх-оьздангалла йолуш кхиорехь а царна дешар 1аморехь а дерриге а декхарш кхочуш а до.

Юьхьанцарчу муьрехь ненан мотт хьехаран коьрта декхар ду къамелан г1уллакхан цхьадолу тайпанаш 1амор (кьамеле ладог1аррий, цунах кхетаррий; вистхила 1аморрий; дешаррий, йозий). Цул сов, оцу муьрехь ондда бух кхолла беза ненан маттахь вовшашца т1екаре хила хаарна, иза берашна хьехаран а, кхетош-кхиоран а коьрта г1ирс хилар хаийтарна.

Цуьнца цхьаьна кхийолчу дешаран предметийн санна, не нан матто юьхьанцарчу муьрехь кхочушдан деза цхьадолу мехала юкъара г1уллакхаш а:

дешархойн 1аламах а, юкъараллих а долу хааршший, 1илманан юьхьанцара кхетаммий кхиор;

логически а, васт х1отторан, а ойла кхиор;

къинхьегаме а, цуьнца цхьаьна дешаре а болу лаам кхиор;

 

лакхарчу классашкахь кхиамца деша бераш кечдар;

гонахарчу дахарца йолу юкъаметтиг а, нахе йолу нийса дог-ойла а кхетош-кхиор»

 

Программин бухе ехкина х1ара принципаш:

- уьйран принцип, къамел кхиоран декъехь дешархой т1екаре хила 1амор шегара лоьхуш йолу;

- кхетамаллин принцип, мотт 1аморца доьзнарг кхетам болуш 1амор лоьхуш йолу.

Дешархошна бовзуьйту дешан фонетически, морфологически х1оттам, цара 1амадо коьрта къамелан дакъош а, церан грамматически категореш а, предложенехь оцу къамелан дакъоша кхочушден синтаксически г1уллакх а. Лексически а, грамматически декъехь дешнаш карадерзор деа шарахь д1ахьо.

Грамматически а, орфографически а материал программи юкъа ялийна х1ора т1ейог1учу классехь т1етт1а шоръяран, Солтаханов Э. Х., Солтаханов И. Х. «Соьлжа-Г1ала», 2014.

Программехь коьрта меттиг д1алоцу т1екаре хила 1аморан карадерзораш, шардарш кхиоран балхо. Барта къамел кхиор хила деза дешархойн коьртачу тидамехь уьш еша а, яздан а 1емачу хенахь а, грамматикех болу хаамаш царна бовзуьйтуш а, йозаелла тексташ х1иттош а, упражненеш кхочушъеш а.

Х1ора урокехь берийн дистхилар алссам хила деза: хаттарш деш, царна жоьпаш луш, шайх лаьцна дуьйцуш, вовшашца къамел деш, хьехархочуьнца юкъаметтиг лелош, ешначун чулацам юхасхьабуьйцуш.

Юьхьанцарчу школехь нохчийн мотт 1аморан 1алашонаш:

- т1екаре хила дезаран, йоза-дешар кхид1а а 1амо дезаран 1алашонца нохчийн мотт караберзор;

- къамелдаран хьуьнарш кхиор, нохчийн маттахь вовшашца т1екаре лело хаар;

- нохчийн меттан лексикех, фонетикех, грамматикех болу т1еххулара хаамаш караберзор;

- ладог1а, вистхила, шен маттахь еша, яздан хаар карадерзор;

Нохчийн Республикин пачхьалкхан нохчийн матте шовкъ кхоллар, шен къоман культурин дакъа иза хиларе терра.

Дешаран предметан чулацаман мехаллин аг1онаш:

 

Юьхьанцара школа чекхъяьккхинчу дешархойн программа караерзийча хила деза жам1аш:

- дешархой синъоьздангаллин мехаллаш евзаш, къоман г1иллакх-оьздангаллин баххаш т1ехь кхиъна хилар; -доьзалан дахар девзаш хилар; -къоман культура а, бусулба дин а девзаш хилар;

России пачхьалкхан гражданин ша вуйла хууш хилар;

- синъоьздангаллин мехаллаш кхиор дешархойн коьртачу

г1уллакхашна т1е дахар: урокийн, урокел арахьарчу а, юкъараллин пайдечу а.

Дешаран планехь нохчийн матто д1алоцу меттиг

Программа х1оттийна юьхьанцара юкъарадешаран федеральни пачхьалкхан дешаран стандартан буха т1ехь, базисни дешаран планан 2- чу варианто нохчийн маттана луш йолчу таронашца нисъеш. Нохчийн мотт хьехаран башхалла билгалъяьккхина тематически планаш т1ехь. Мотт хьеха билгалдина сахьташ кху кепара ду: 1-чу классехь 99(йоза-дешар) сахьт, 2-чу классехь 102 сахьт, 3-чу классехь 102 сахьт, 4-чу классехь 102 сахьт - дерриге а 405 сахьт.

Ала деза, х1ара программа герггарчу хьесапехь ю. Герггарчу юьхьанцарчу юкъарадешаран программин буха т1ехь х1отто езаш ю пачхьалкхан аккредитаци йолчу дешаран учрежденин дешаран г1уллакхан декъашхойн хьашташка а, оцу дешаран учрежденин башхалле хьаьжжина а йолу юьхьанцарчу дешаран юкъарадешаран программа.

Юьхьанцарчу школехь нохчийн мотт 1аморан метапредметни жам1аш:

хезаш долу къамел цхьатера т1елацар (баккхийчара а, шен нийсархоша а олург, берийн радиопередачашкахь, аудиозаписашкахь, кхечу хаамийн технологийн кепашкахь хезарг);

дешнаш, дешдакъош, аьзнаш, аьзнийн цхьаьнакхетарш, предложенеш ала а, х1итто, а карадирзина хилар;

билгалйинчу темина диалог х1отто, даьржина а, доцца хаттаршна жоьпаш дала а, диалог д1айоло а, чекхъяккха дог дар карадирзина хилар;

кечам бина а, боцуш а, кхеташ, сиха къастош ешар, текст йоцца а, хоржуш а юха схьайийцар карадирзина хилар;

хьехархочун г1оьнца а, ша а орфографически а, пунктуационни а бакъонаш ларъеш талламан а, 1аморан а кепара белхаш кхочушбан хаар карадирзина хилар;

 

 

ша язбина белхаш талла а, нохчийн маттах шен долчу хааршна вукху предметашца дустарца анализ ян а хаар карадирзина хилар;

нохчийн меттан чулацаме хьаьжжина юьхьанцарчу дешаран материальни а, хаамийн а гонахехь болх бан хаар карадирзина хилар;

школехь а, школал арахьа а нийсархошка а, баккхийчаьрга а вистхила хаар карадирзина хилар.

 

Юьхьанцарчу школехь нохчийн мотт 1аморан предметни жам1аш:

ладог1а хууш хилар: дуьйцучун чулацамах а кхеташ, къамел хазаран хьесапехь т1елацар;

нохчийн меттан фонетически система евзаш хила езар: мукъа а, мукъаза а элпаш а, аьзнаш а къасто, дешнаш дакъошка декъа а, аьзнаш ала а хууш хилар;

шен меттан доцу (т1еэцначу дешнашкахь бен ца лела) аьзнаш а, аьзнийн цхьаьнакхетарш а довза а, нийса схьаала а хууш хилар;

дешнаш, церан грамматически форманаш а евзаш, уьш муха кхоллаелла а, царах предложенеш вовшахтаса а, къамелехь пайда эца а хууш хилар;

нийсаяздаран бакъонаш евзаш хилар: доккха элп, дешдакъошца дош сехьадаккхар, сацаран хьаьркаш;

карадирзинчу хаарех дешаран а, вовшашца йолчу юкъаметтигашкахь а пайда эца хууш хила везар: диалог д1аяхьа, хаттаршна жоьпаш дала, евзаш йолчу лексикин бараме хьаьжжина, шегара хаттарш х1итто, текст юхасхьайийца, суьрташка хьовсуш предложенеш, тайп-тайпанчу теманашна билгалйинчу тематически кепашца йоцца монологически тексташ х1итто хууш хилар (чолхе доцу суртх1оттор, дийцар, ойлаяр);

хезаш а, шен дагахь а, къастош а еша къаьстина предложенеш а, тексташ а цхьаьна, хууш хилар;

текст дакъошка екъа а, царна ц1ерш тахка а, план х1отто а, т1едахкарш т1едуза а, т1еяздан а, х1уманийн, суьртан куц-кеп довзийта а хууш хилар;

мотт къоман культурин цхьа дакъа а, уьйран г1ирс а, пачхьалкхан мотт а хиларх кхеташ хилар.

 

 

 

Белхан тайпа

1-ра класс

2-г1а класс

3-г1а класс

4-г1а класс

диктант

5-25

20-25

40-45

60-65

изложени

-

20-25

55-65

80-90

сочинени

-

20-30

40-50

70-80

 

 

 

 

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал "Тематическое планирование по чеченскому языку 3 класс"

Методические разработки к Вашему уроку:

Получите новую специальность за 2 месяца

Логист

Получите профессию

Экскурсовод (гид)

за 6 месяцев

Пройти курс

Рабочие листы
к вашим урокам

Скачать

Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 669 343 материала в базе

Скачать материал

Другие материалы

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 17.11.2017 759
    • DOCX 23.9 кбайт
    • Рейтинг: 5 из 5
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Джамалдинова Тоита Юнусовна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    Джамалдинова Тоита Юнусовна
    Джамалдинова Тоита Юнусовна
    • На сайте: 6 лет и 5 месяцев
    • Подписчики: 1
    • Всего просмотров: 245047
    • Всего материалов: 32

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой

Курс профессиональной переподготовки

Экскурсовод

Экскурсовод (гид)

500/1000 ч.

Подать заявку О курсе

Курс повышения квалификации

Специалист в области охраны труда

72/180 ч.

от 1750 руб. от 1050 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 36 человек из 22 регионов
  • Этот курс уже прошли 155 человек

Курс профессиональной переподготовки

Библиотечно-библиографические и информационные знания в педагогическом процессе

Педагог-библиотекарь

300/600 ч.

от 7900 руб. от 3650 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 499 человек из 71 региона
  • Этот курс уже прошли 2 332 человека

Курс профессиональной переподготовки

Организация деятельности библиотекаря в профессиональном образовании

Библиотекарь

300/600 ч.

от 7900 руб. от 3650 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 287 человек из 66 регионов
  • Этот курс уже прошли 851 человек

Мини-курс

Государственная политика и федеральные программы в сфере общего образования

4 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

Подготовка и проведение тренинга

4 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

Самоконтроль и организация отдыха

2 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе