Нохчийн
литература
Тема : «Иччархо Абухьаьжа
Идрисов» Х. Ошаев. (1-ра дакъа)
1алашо: Х. Ошаевн «Иччархо
Абухьаьжа Идрисов» ц1е йолу дийцар довзийтар. Нийса а , шера а , кхеташ а
дийцаран тексташ еша. Берашан нохчийн турпалхой бовзийтар ,царах дозалла дан
1амор.
Билгалбаьхна кхиамаш:
берашна 1емар ду нийса а , шера а , кхеташ а дийцаран тексташ еша. Берашна
хуур ду чулацамах кхета, хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала. Берашна девзар ду
нохчийн турпалхойн хьуьнарш , майралла. Берашна 1емар ду Даймахках дозалла дан.
Урок
д1аяхьар.
1.Ц1ера болх таллар.
-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо? (Ш. Рашидовн
«Ханпаша» ц1е йолу стихотворении дагахь 1амо)
-Схьайийца стихотворени.
2. Мотт шарбар.
Хьархочо пхьор дохьу, пхьеро пхьалг1ахь пхьег1аш
йо.
-Д1аеша массара цхьана меллаша цхьанаэшарехь.
-Д1аеша массара цхьана хезаш цхьанаэшарехь.
-Д1агахь 1амае.
3.1алашо йовзийтар.
-Муьлха произведени ю вайна тахана 1амо
билгалъяьккхина? (Дийцар «Иччархо Абухьаьжа Идрисов»)
-Мила ву цуьнан автор? (Х. Ошаев)
-Муьлха кхиамаш бохур бу аша тахана? Х1ун дан
ницкъ кхочур бу шун?
-Вайна тахана девзар ду Х. Ошаевн «Иччархо
Абухьаьжа Идрисов» ц1е йолу дийцар . Вайна вевзар ву нохчийн турпалхо
Абухьаьжа Идрисов . Вайна 1емар ду нийса а , кхеташ а , шера а дийцаран
тексташ еша. Чулацамах кхета, Даймахках дозалла дан.
4. Керла тема хьехар.
а) Хьехархочун дош турпалхочух Абухьаьжа Идрисовх
лаьцна .
аь) Хьехархочо д1адоьшу Х. Ошаевн «Иччархо
Абухьаьжа Идрисов» ц1е йолчу дийцаран 1-ра дакъа.
5.Сада1аран миноташ.
6.Керла тема кхин д1а а хьехар.
а) Бераша массра цхьана меллаша д1адоьшу Х.
Ошаевн «Иччархо Абухьаьжа Идрисов» ц1е йолчу дийцаран 1-ра дакъа
аь) Бераша массра цхьана меллаша д1адоьшу Х.
Ошаевн «Иччархо Абухьаьжа Идрисов» ц1е йолчу дийцаран 1-ра дакъа
б) а) Бераша массра цхьана меллаша д1адоьшу Х.
Ошаевн «Иччархо Абухьаьжа Идрисов» ц1е йолчу дийцаран 1-ра дакъа
в) Къастош ешар.
-Х1ун бахьна дара вайн салтий мостаг1ел толар?
Д1аеша к1айдарг.
-Д1аеша снайперски балхах лаьцна йолу
к1айдарг.
-Муха хила веза снайпер? Д1аеша цунах лаций.
-Х1ун хаа деза снайперна мостаг1чух лаьцна?
Д1аеша к1айдарг.
-Муха к1ант ву Абухьаьжа Идрисов?
7.Рефлекси.
-Муьлха кхиамаш бехи аша урокехь ? Муьлхачарех
до аша дозалла?
8. Жам1 дар.
-Муьлха произведени йийшира вай?
-Мила ву цуьнан автор?
-Х1ун керланиг хии шуна вайн турпалхойн?
9. Ц1ахь бан болх балар.
Шера д1адеша Х. Ошаевн «Иччархо Абухьаьжа
Идрисов» ц1е йолчу дийцаран 1-ра дакъа.
Нохчийн
литература
Тема : «Иччархо Абухьаьжа
Идрисов» Х. Ошаев. (1-ра дакъа)
1алашо: Х. Ошаевн «Иччархо
Абухьаьжа Идрисов» ц1е йолу дийцар кхин д1а довзийтар. Нийса а , шера а ,
кхеташ а дийцаран тексташ еша. Берашан нохчийн турпалхой бовзийтар ,царах
дозалла дан 1амор.
Билгалбаьхна кхиамаш:
берашна 1емар ду нийса а , шера а , кхеташ а дийцаран тексташ еша. Берашна
хуур ду чулацамах кхета, хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала. Берашна девзар ду
нохчийн турпалхойн хьуьнарш , майралла. Берашна 1емар ду Даймахках дозалла дан.
Урок
д1аяхьар.
1.Ц1ера болх таллар.
-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо? (Х. Ошаевн «Иччархо
Абухьаьжа Идрисов» 1-ра дакъа деша)
-Д1адеша дийцар
2. Мотт шарбар.
Елош-екош
к1ар-к1ар шера,
Хьаьжк1аш
охьуш хьийза хьера.
Цкъа
йоьдий, нах куьрка хьежош,
Т1аккха
йоьдий, пешаш летош.
(Ш.
Хасаров)
-Д1аеша
массара цхьана меллаша цхьанаэшарехь.
-Д1аеша массара цхьана хезаш цхьанаэшарехь.
-Д1агахь 1амае.
3.1алашо йовзийтар.
-Муьлха произведени ю вайна тахана 1амо
билгалъяьккхина? (Дийцар «Иччархо Абухьаьжа Идрисов» 2-г1а дакъа)
-Мила ву цуьнан автор? (Х. Ошаев)
-Муьлха кхиамаш бохур бу аша тахана? Х1ун дан
ницкъ кхочур бу шун?
-Вайна тахана девзар ду Х. Ошаевн «Иччархо
Абухьаьжа Идрисов» ц1е йолу дийцаран 2-г1а дакъа . Вайна вевзар ву нохчийн
турпалхо Абухьаьжа Идрисов . Вайна 1емар ду нийса а , кхеташ а , шера а
дийцаран тексташ еша. Чулацамах кхета, Даймахках дозалла дан.
4. Керла тема хьехар.
аь) Хьехархочо д1адоьшу Х. Ошаевн «Иччархо
Абухьаьжа Идрисов» ц1е йолчу дийцаран 3-г1а дакъа.
-Мила гира А. Идрисовна саьнгар чура хьала а
ваьлла вог1уш? (Мостаг1чун салти)
-Х1унда ца вийра Абухьаьжас и мостаг1? (Цхьа
воккха хьаькам веана хила тарло)
-Х1ун гира цунна турмал чохь д1ахьаьжча?
(Мостаг1чун инарла хилла веана)
-Х1ун дира Абахьаьжас? (Тоьхна вожийра иза , цул
т1аьхьа эпсар а, салти а)
-Х1унда хийцира Абухьаьжас ша лечкъина меттиг?
(Мостаг1аша минаметаш етта йоло ю аьлла)
-Нийса хилирий цуьнан тидам? Х1ун дира
фашисташа?
5.Сада1аран миноташ.
6.Керла тема кхин д1а а хьехар.
а) Бераша массра цхьана меллаша д1адоьшу Х.
Ошаевн «Иччархо Абухьаьжа Идрисов» ц1е йолчу дийцаран 2-г1а дакъа
аь) Бераша массра цхьана меллаша д1адоьшу Х.
Ошаевн «Иччархо Абухьаьжа Идрисов» ц1е йолчу дийцаран 2-г1а дакъа
в) Къастош ешар.
-Д1абеша Абухьаьжас салтичунн т1аьхьа бина тидамах
лаьцна.
-Муха вожийра Абухьаьжас мостаг1чун инарла? Д1аеша
цунах лаций.
-Д1аеша мостаг1аша минометаш етташ бина ницкъах
лаьцна.
7. Рефлекси.
-Муха яра шун план? Х1ун дан ницкъ кхечира шун?
Х1ун дисира данза?
8. Жам1 дар.
-Муьлха дийцар дийшира вай?
-Х1ун керла хьуьнар девза шуна Абухьаьжа
Идрисовх лаьцна?
9.Ц1ахь бан болх балар.
Шера деша Х. Ошаевн «Иччархо Абухьаьжа Идрисов»
дийцаран 2-г1а дакъа.
Нохчийн
литература
Тема : «Иччархо Абухьаьжа
Идрисов» Х. Ошаев. (3-г1адакъа)
1алашо: Х. Ошаевн «Иччархо
Абухьаьжа Идрисов» ц1е йолу дийцар кхин д1а довзийтар. Нийса а , шера а ,
кхеташ а дийцаран тексташ еша. Берашан нохчийн турпалхой бовзийтар ,царах
дозалла дан 1амор.
Билгалбаьхна кхиамаш:
берашна 1емар ду нийса а , шера а , кхеташ а дийцаран тексташ еша. Берашна
хуур ду чулацамах кхета, хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала. Берашна хуур ду
хьехархочун т1едилларца оьшу к1айдарг лаха иза еша. Берашна девзар ду нохчийн
турпалхойн хьуьнарш , майралла. Берашна 1емар ду Даймахках дозалла дан.
Урок
д1аяхьар.
1.Ц1ера болх таллар.
-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо? (Х. Ошаевн «Иччархо
Абухьаьжа Идрисов» 2-г1а дакъа деша)
-Д1адеша дийцар
2. Мотт шарбар.
Цеца чохь цу ца соцу.
-Д1аеша
массара цхьана меллаша цхьанаэшарехь.
-Д1аеша массара цхьана хезаш цхьанаэшарехь.
-Д1агахь 1амае.
3.1алашо йовзийтар.
-Муьлха произведени ю вайна тахана 1амо
билгалъяьккхина? (Дийцар «Иччархо Абухьаьжа Идрисов» 3-г1адакъа)
-Мила ву цуьнан автор? (Х. Ошаев)
-Муьлха кхиамаш бохур бу аша тахана? Х1ун дан
ницкъ кхочур бу шун?
-Вайна тахана девзар ду Х. Ошаевн «Иччархо
Абухьаьжа Идрисов» ц1е йолу дийцаран 3-г1а дакъа . Вайна вевзар ву нохчийн
турпалхо Абухьаьжа Идрисов . Вайна 1емар ду нийса а , кхеташ а , шера а
дийцаран тексташ еша. Чулацамах кхета, Даймахках дозалла дан.
4. Керла тема хьехар.
аь) Хьехархочо д1адоьшу Х. Ошаевн «Иччархо
Абухьаьжа Идрисов» ц1е йолчу дийцаран 3-г1а дакъа.
-Х1ун хаам бира лаьцначу салтичо вийначу
инарлех?
-Х1ун хааделира Абухьаьжина немцойн акопаш чохь?
(Снайпер хаавелира)
-Х1ун зе динера снайперо вайчарна? (Фашистин
снайперо вайн кхоъ салти вийра)
-Х1ун тидамаш бора Абухьаьжас? (То тидам бора
фашистийн снайпер мичахь хир ву т1е бохуш толлура окопаш , уьшалш йолу
меттигаш, хьуьн чура дитташ)
-Мичахь тосавелира цунна фашистан снайпер?
(Хьуьн чохь цхьана диттахь)
5. Сада1аран миноташ.
6.Керла тема кхин д1а а хьехар.
а) Бераша массра цхьана меллаша д1адоьшу Х.
Ошаевн «Иччархо Абухьаьжа Идрисов» ц1е йолчу дийцаран 3-г1а дакъа
аь) Бераша массра цхьана меллаша д1адоьшу Х.
Ошаевн «Иччархо Абухьаьжа Идрисов» ц1е йолчу дийцаран 3-г1а дакъа
в) Къастош ешар.
-Муха хиира Абухьаьжина фашисташна юккъехь
снайпер вуй? Д1аеша к1айдарг.
-Х1ун боху автора Абухьаьжас кечбинчу снайперех
лаьцна? Д1аеша к1айдарг.
-Муха лело еза снайперан топ? Д1адеша цунах лаций.
-Муха ойланаш йора Абухьаьжас снайпер миса
лечкъина толлуш? Д1аеша к1айдарг.
-Муха хьуьнарш девзи шуна Абухьаьжин? (Абухьажа
тидаме, майра , хьекъалдолуш ву)
-Хьанна лаьа шуна Абухьаьжех лаьцна?
7. Рефлекси.
-Муха яра шун план? Х1ун дан ницкъ кхечира шун?
Х1ун дисира данза?
8. Жам1 дар.
-Муьлха дийцар дийшира вай?
-Х1ун керла хьуьнар девза шуна Абухьаьжа
Идрисовх лаьцна?
9.Ц1ахь бан болх балар.
Шера деша Х. Ошаевн «Иччархо Абухьаьжа Идрисов»
дийцаран 3-г1а дакъа.
Нохчийн
литература
Тема : «Иччархо Абухьаьжа
Идрисов» Х. Ошаев. (4-г1адакъа)
1алашо: Х. Ошаевн «Иччархо
Абухьаьжа Идрисов» ц1е йолу дийцар кхин д1а довзийтар. Нийса а , шера а ,
кхеташ а дийцаран тексташ еша. Берашан нохчийн турпалхой бовзийтар ,царах
дозалла дан 1амор.
Билгалбаьхна кхиамаш:
берашна 1емар ду нийса а , шера а , кхеташ а дийцаран тексташ еша. Берашна
хуур ду чулацамах кхета, хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала. Берашна хуур ду
хьехархочун т1едилларца оьшу к1айдарг лаха иза еша. Берашна девзар ду нохчийн
турпалхойн хьуьнарш , майралла. Берашна 1емар ду Даймахках дозалла дан.
Урок
д1аяхьар.
1.Ц1ера болх таллар.
-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо? (Х. Ошаевн «Иччархо
Абухьаьжа Идрисов» 2-г1а дакъа деша)
-Д1адеша дийцар
2. Мотт шарбар.
Цициго
цастар цергашца цоьсту.
-Д1аеша
массара цхьана меллаша цхьанаэшарехь.
-Д1аеша массара цхьана хезаш цхьанаэшарехь.
-Д1агахь 1амае.
3.1алашо йовзийтар.
-Муьлха произведени ю вайна тахана 1амо
билгалъяьккхина? (Дийцар «Иччархо Абухьаьжа Идрисов» 4-г1адакъа)
-Мила ву цуьнан автор? (Х. Ошаев)
-Муьлха кхиамаш бохур бу аша тахана? Х1ун дан
ницкъ кхочур бу шун?
-Вайна тахана девзар ду Х. Ошаевн «Иччархо
Абухьаьжа Идрисов» ц1е йолу дийцаран 4-г1а дакъа . Вайна вевзар ву нохчийн
турпалхо Абухьаьжа Идрисов . Вайна 1емар ду нийса а , кхеташ а , шера а
дийцаран тексташ еша. Чулацамах кхета, Даймахках дозалла дан.
4. Керла тема хьехар.
аь) Хьехархочо д1адоьшу Х. Ошаевн «Иччархо
Абухьаьжа Идрисов» ц1е йолчу дийцаран 4-г1а дакъа.
-Х1ун яьхьира аса сайца к1ело ян воьдуш?
(Адамийн хьесапехь з1оьмалг)
-Муха д1анисйира Абухьаьжас з1оьмалг? (Сераца
метах хьаян йиш йолуш)
-Муха гучувелира фашистийн снайпер? (Цо топ
туьйхира з1оьмалгана, цундела Абухьаьжина хаавелира и волу меттиг)
-Муха патарма бара Абухьаьжас снайперна тоьхнарг?
(Ц1елатош болу патарма бара)
5. Сада1аран миноташ.
6. Керла тема кхин д1а а хьехар.
а) Бераша массра цхьана меллаша д1адоьшу Х.
Ошаевн «Иччархо Абухьаьжа Идрисов» ц1е йолчу дийцаран 3-г1а дакъа
аь) Бераша массра цхьана меллаша д1адоьшу Х.
Ошаевн «Иччархо Абухьаьжа Идрисов» ц1е йолчу дийцаран 3-г1а дакъа
в) Къастош ешар.
-Муха вахара Абухьаьжа снайперна к1ело ян? Д1аеша
и меттиг.
-Муха тосавелира Абухьаьжина снайпер? Д1аеша
к1айдарг.
-Муха аьтту белира Абухьаьжин мостаг1 вен? Д1аеша
и меттиг.
7. Рефлекси.
-Муха яра шун план? Х1ун дан ницкъ кхечира шун?
Х1ун дисира данза?
8. Жам1 дар.
-Муьлха дийцар дийшира вай?
-Х1ун керла хьуьнар девза шуна Абухьаьжа
Идрисовх лаьцна?
9.Ц1ахь бан болх балар.
Шера деша Х. Ошаевн «Иччархо Абухьаьжа Идрисов» дийцаран
4-г1а дакъа.
Бацалахь цаьпцалгийн цхар деца, цаци чохь Бицацин
цу
беца. '
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.