Инфоурок Начальные классы Другие методич. материалы«Нохчийн мотт» дешаран низамехула мах хадоран г1ирсийн фонд. 4 класс.

«Нохчийн мотт» дешаран низамехула мах хадоран г1ирсийн фонд. 4 класс.

Скачать материал

 

«Нохчийн мотт» дешаран низамехула мах хадоран

 г1ирсийн фонд. 4 класс.

 

1.     Хьалхарчу чийрикан  жам1даран талламан болх «Лар толу ж1аьла».

4 класс.

Лар толу ж1аьла.

         Сан вашас Х1арона  к1еза деара. Оха цунна ц1е тиллираТарзанаьлла. Соьца гуттар а ловзуш хуьлура к1еза. Хи т1е лийча   со  воьдуш хилча, т1аьхьах1уттара иза.

Д1аоьхура хан. Тарзан доккха хилира. Цуьнан лергаш ира, дог1аделла дара. Иза лар толу ж1аьла хиллера. Х1арона кест-кеста хьунхахь таллад уьгураТарзан. Х1инца, доккха а хилла, соьца к1езиг ловзу иза.

 

Т1едиллар:

1)  Билгалдаха къамелан дакъош хьалхарчу предложенехь.

2)  Дешдакъошца декъа дешнаш: цунна, доккха, т1аьхьах1уттура

2.    Шолг1ачу чийрикан  жам1даран талламан болх «Доттаг1алла», 4 класс.

                                              Доттаг1алла

 

        Доттаг1 воцуш стаг мегарвац. Доттаг1 воцу стаг, т1ам боцу олхазар санна, ву. Доттаг1чунна тешаме хила веза. Доттаг1алла даггара лело деза. Доттаг1чух дагаволуш хила  веза. Доттаг1чунна т1е хало еана меттиг а 1оттаелла доттаг1 дешарна т1аьхьависча, цунна г1о дан деза. Иштта хилчий бен хьох бакъволу доттаг1 а хирвац.

 

Т1едиллар:

1)    Кхоалг1а предложеникъамеландакъошцаталла.

2)    Цхьаорам болу дешнашбилгалдахий, т1ехула дожарш х1иттаде.

3.    Кхоалг1ачу чийрикан  жам1даран талламан болх

 «Воккха стаг».

Воккха стаг

 

       Х1ор 1уьйранна вог1ура воккха стаг акхаройх а, олхазарех а дерш 1амочу  ц1а чу. Мунданаш тоеш  я керланаш еш хуьлура иза цу чохь. Оцу 1уьйранна а ша ян йолийначу аккхачу бедан мунда, хьаькхна, шардеш кечдинчу жимачу уьн т1ехь д1а а ч1аг1йина , ша яржийна нехаш, нуй хьаькхна, гул  а йина, тускар чу тийсира цо.

                

Т1едиллар:

1)    Хьалхара предложении къамелан дакъошца талла.

2)    Массо предложенийн юкъара ц1ерметдешнаш билгалдаха.

 

4.Шеран жам1даран талламан болх «Шовданийн боьра». 4 класс.

 

Шовданийн боьра.

 

Дуккха шовданаш долуш бара х1ара боьра. Кегийра, ц1ена г1ум ловзош хьалакхуьйсура ша санна шийла, сирла шовданаш. Кхуза оьхура Малх-Арера мехкарий хит1а. Кхузахь малхчубуззуш цхьанакхетара уьш кегийчу нахаца.

Кхузахь дара уггар доккха шовда а, юххехь коьллаш а, жима д1анехьа хьун а йолуш.

Зама  маьрша яцара,ткъа шовданийн боьра юьртана юьстахо бара. Цундела наноша ца магадора цига хит1а эхар.

Т1едиллар:

1)     Шолг1а  предложении къамелан дакъошца талла.

2)    Цхьаорам болу дош схьалаха, уьш муьлхачу дожарехь ду билгалдаха.

3)     

I-IV классийн дешархойн ненан маттах долчу хаарийн

х1итточу оценкийн барамаш

 

 

I.                  I-IV классашкахь ечу талламан диктантийн мах хадор.

 

         Диктант – иза офографех а, пунктуацех а долу хаарш талларан кеп ю.

     Талламан дешнийн диктанто  зоь кхета хала йолу офограммаш. Иза хила йиш ю х1окху дешнийн барамехь:

 

 5 класс-15-20 дош 

 6 класс-20-25 дош

 7 класс- 25-30 дош

 8 класс- 30-35 дош

 9 класс- 35-40 дош.

 

Текст хоржуш, кху некъех пайдаэца беза:

1.   Диктантан текст шен чулацамехь дешархой кхеташ а, хӀинцалерчу литературни метган лехамашца юьззина нийса йогӀуш а хила еза.

2.   Диктантан дерриге а дешнаш дешархошна кхеташ хила деза. КӀезиг лелош а, девзаш доцу а дешнаш довза а довзуьйту, доски тӀе дӀа а яздо.

3.   Диктантан текстехь хала дешнаш хилахь, цу дешнийн нийсаяздар дешархоша Ӏамийна а дацахь, и дешнаш доски тӀе дӀаяздо.

4.   Текст йоьшучу хьехархочо дӀаешар литературни нийса а, муха яздан деза, дешархошна дӀа ца хоуьйтучу кепара а хила деза. Масала, кӀайн, Ӏежийн, халкъан бохучу дешнашкахь, литературни аларан норманашца цхьаьна а догӀуш, чаккхенгара н ца олу, ткъа саьрмик, чегӀардиг дсшнашкахь г-ний, к-ний хьалхахь долу и а долуш санна олу.

5.   I чийрик чекхдаллалц текстан барам кхул хьалхарчу классехь хилларг магабо.

 

I-IV классийн дсшархойн диктантийн мах хадорехь хьехархочо куьйгалла оьцу кху некъех:

1. Диктантехь орфографически а, пунктуационни а гӀалаташ къаьст-къаьстина лору, оценка юкъара юьллу.

2. Диктантана «5» дуьллу, нагахь цхьа а орфографически гӀалат дацахь я цхьаннал сов пунктуационни гӀалат ца хилахь.

3. «4» дуьллу, кхааннал сов орфографически а, щиннал сов пунктуационни а гӀалат ца хилахь (я шиъ орфографичсски, кхоъ пунктуационни гӀалат хилахь).

4. «3» дуьллу, ялханнал сов орфографически а, пхеаннал сов пунктуационни а гӀалат ца хилахь (я 5 орфографически, 5 пунктуационни гӀалаташ хилахь).

5. «2» дуьллу, иттаннал сов орфографически а, пхеаннал сов пунктуационни а (я бархӀаннал сов орфографически а, ворхӀаннал сов пунктуационни а) гӀалаташ ца хилахь.

6.   «1» дуьллу, нагахь 2 дуьллучул гӀалаташ сов хилахь.

 

Дсшархочун балха тӀехь гӀалат лара деза, орфографически

а, пунктуационни а, муьлхха а бакъо талхош, диктант язъяле оццу классехь я цул лахарчу классашкахь Ӏамийнчух иза хилахь. Нагахь санна талламан диктантехь 5 ша дина нисдарш хилахь (нийса цаяздинарг нийсачуьнца хийцина) оценка цхьана баллана лаг1йо, иштта оценка «5» ца дуьллу, диктантехь 3 я цул сов нисдарш хилча.

 

Оценка юьллуш, ца лоруш дуьту:

1.  Программехь йоцу я Ӏамийна йоцу орфографически а, пунктуационини а бакъонаш талхош долу гӀалаташ/

2.  Тилкхаздаьлла гӀалат (описка) лору, масала, белхало хила дезачохь белхано яздинехь, Ӏуьйре хила дезачохь Ӏуьйле яздинехь.

3.  Нохчийн маттахь зевне мукъаза й (йот) яздар, масала: йоза хила дезачохь еза яздахь, йогӀу (егӀу), юьртахь (йуьртахь), юьгу (йуьгу) яздахь.

4.  Орам ларбеш а, ораман аьзнаш хийцалуш а терахьдешнаш яздар, масала: исс - иссалгӀа-уьссалгӀа, итт - итталгӀа - уьтталгӀа.

5.   Къовсамечу мсттигашкахь чолхечу дешнийн нийсаяздар, масала: пайдаэцар - пайда эцар, нийсаяздар нийса- яздар, гӀодар - гӀо дар, и. дӀ. кх.

6.  Дешнашкахь дифтонгаш язъяр: къега- къиэга, терса- тиэрса, оза-уоза, еха - йиэха, и. дӀ. кх. а.

7.   ЦӀердешнийн къовсаме яздар: стогалла- стагалла, мох – мохан-механ - махан, морха, и. дӀ. кх. а.

Дешархоша далийтинчу гӀалаташна юкъара даккхий а, кегий а гӀалаташ къасто деза.

 

Даккхий гӀалаташ лору:

1.        Хьалхенца Ӏамийна а, йозанехь алсам пайдаоьцуш а йолу орфографичсски, пунктуационни бакъонаш талхош долу гӀалаташ:

2.   Мукъазчу элпашна юккъе яздеш долу къасторан хьаьркаш, масала: хӀаллакьхилла, меттахъхъайра.

3.   Дсшхьалхенца йолчу я чолхечу инфинитиван суффиксийн язъяр.

4.   Хандсшнех хиллачу тайп-тайпанчу къамелан дакъойн яздар (оху -охуна я охана,  тоьгу - тоьгуна я тоьгана).

5.    Хандешан ихначу хенан язъяр, масала: бохура я бахара, моьттура я моттара.

6.   Кху кенара цӀердешнийн яздар: дечиган я дечган, эчиган я аьчган.

7.   ЦӀердешнийн а, билгалдешнийн а массо къобалйина тӀеэцна йолу яцйинчу а, юьззинчу а форманийн язъяр, масала: гӀуллакх я гӀулкх, гӀиллакх я гӀилкх.

Дсшархочун балха тӀехь цхьамогӀа (кхоъ я цул сов) цхьана бакъонна нислуш гӀалаташ хилахь, диктантана оценка лакхаяккха мега, масала, дешан чаккхенга н яздарехь, доца шеконан элпаш (а, и, у,) яздарехь.

  Комплексни талламан белхашкахь, диктантах а, т1едилларех а

(фонетически, лексически, орфографически, грамматически, пунктуационни) лаьттачу, ши оценка юьллу-х1ора балхана шен-шен.

 

Т1едилларийн мах хадорехь куьйгалла оьцу кху некъех:

«5» дуьллу, массо а т1едиллар нийса кхочушдинехь;

«4» дуьллу, т1едилларийн ¾ дакъа нийса динехь;

«3» дуьллу, болх ах я цул сов нийса бинехь;

«2» дуьллу, болх эханал к1езиг бинехь.

«1» дуьллу, цхьа а т1едиллар кхочуш ца динехь.

 

Билгалдаккхар:

Орфографически а, пунктуационни а г1алаташ, т1едиллар кхочушдарехь дина долу, диктантан мах хадош лору.

 

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал "«Нохчийн мотт» дешаран низамехула мах хадоран г1ирсийн фонд. 4 класс."

Методические разработки к Вашему уроку:

Получите новую специальность за 3 месяца

Руководитель клубного филиала

Получите профессию

Технолог-калькулятор общественного питания

за 6 месяцев

Пройти курс

Рабочие листы
к вашим урокам

Скачать

Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 664 887 материалов в базе

Скачать материал

Другие материалы

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 04.12.2020 1947
    • DOCX 38.8 кбайт
    • 33 скачивания
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Дибиева Иман Саидовна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    Дибиева Иман Саидовна
    Дибиева Иман Саидовна
    • На сайте: 6 лет
    • Подписчики: 2
    • Всего просмотров: 66420
    • Всего материалов: 27

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой

Курс профессиональной переподготовки

Бухгалтер

Бухгалтер

500/1000 ч.

Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 24 человека из 17 регионов

Курс повышения квалификации

Инструменты в преподавании кубановедения в соответствии с ФГОС НОО

36 ч. — 144 ч.

от 1700 руб. от 850 руб.
Подать заявку О курсе
  • Этот курс уже прошли 162 человека

Курс повышения квалификации

Психолого-педагогические аспекты развития мотивации учебной деятельности на уроках математики у младших школьников в рамках реализации ФГОС НОО

72 ч. — 180 ч.

от 2200 руб. от 1100 руб.
Подать заявку О курсе
  • Этот курс уже прошли 75 человек

Курс повышения квалификации

Специфика преподавания информатики в начальных классах с учетом ФГОС НОО

72 ч. — 180 ч.

от 2200 руб. от 1100 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 39 человек из 20 регионов
  • Этот курс уже прошли 284 человека

Мини-курс

Цифровые валюты и правовое регулирование

4 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

Эмоциональная сфера детей: диагностика, особенности и регуляция

4 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 28 человек из 15 регионов
  • Этот курс уже прошли 13 человек

Мини-курс

Физическая культура и спорт: методика, педагогика, психология

10 ч.

1180 руб. 590 руб.
Подать заявку О курсе
  • Этот курс уже прошли 13 человек
Сейчас в эфире

Консультация эксперта в сфере высшего образования. Как подготовиться к поступлению в вуз: простые ответы на сложные вопросы

Перейти к трансляции