Инфоурок Родной язык КонспектыКонспект урока "Нохчийн мотт-г1иллакхийн хьоста" (7 класс)

Конспект урока "Нохчийн мотт-г1иллакхийн хьоста" (7 класс)

Скачать материал

2-г1а урок.

Урокан ц1е: сочинени «Нохчийн мотт-г1иллакхийн хьоста».

Урокан 1алашо: шаьш гулбинчу г1ирсех пайда а оьцуш, монологан хьесапехь барта а, йозанан кепашкахь дийцар х1отто 1амор, иза маь1нин рог1алла а ларъеш, д1аяздан хаар; нохчийн матте безам хилар, и к1орггера 1амо лаам хилар.

                             Урок д1аяхьар.

I.Ц1ера болх таллар.

-Д1адеша шаьш яздина дустарш, кицанаш, фразеологизмаш.

-Маь1на де кицанийн.

-Стенах лаьцна ду уьш?(Нохчийн маттах).

-Х1унда кхоьллина уьш вайн халкъо?(Вайна меттан дозаллин мах хаийта, мотт 1алашбайта).

-Муьлха иллеш дийшира аша?(Таймин Биболатан илли, Адин Сурхон илли и.кх д1а).

-Х1ун эр дара аша оцу иллешкахь нохчийн маттах лаьцна?(Нохчийн мотт хаза а, ц1ена а гайтина иллешкахь).

II.Урокан 1алашонаш билгалъяхар.

Хьехархочо д1айоьшу стихотворени.

* * *

Доьзалехь бийцар а

Дастам а хеташ,

Хьо винчу ненан мотт

Д1атесна ахь.

“Сов къен бу дешнашна,

Бац атта кхеташ”, -

Бохуш и сийсазбан

Ца хета эхь.

 

Ладог1ал цкъа соьга,

“Хьекъале корта”.

Ладог1ал, яккхий д1а

Лергара потт:

Йист йоцу х1орд санна,

Бу хьуна шорта

Ша хууш волчунна

Вайн нохчийн мотт.

 

Г1иллакхе, оьзда бу,

Доттаг1че буьйцуш.

Мостаг1че вистхуьлуш -

Ду ира герз,

Хьомечу езаре

Безам ахь буьйцуш -

Бека и, шех хуьлий

Хьан деган мерз!

 

Мерза бу, моз санна,

Ша безачунна

Ламанан шовданал

Ц1ена бу и.

Лермонтовс, Толстойс а

Ладег1на цуьнга,

Услара даггара хестийна и.

Б1ешераш хийла д1а

Ихна, и бекаш,

Хьацарлахь, къийсамехь

Кхиъна и бу,

Кхоьллинчу халкъашна

Сов хьанал бецаш

Даима ша хилла

Нохчийн мотт бу.

 

Вайн халкъан ойланаш,

Дахар а г1ийла -

Далхадеш къийсамна

Г1иттийна цо.

Нохчочун майралла,

Оьздалла хийла

Зевнечу иллешкахь

Екийна цо!

 

Кхидолчу къаьмнашна

Шайнаш а санна,

Нохчашна шайн мотт а

Сов хьоме бу,

Нагахь хьо ца ваг1ахь

Хьайн халкъацанна,

Хаалахь, декъазниг,

Хьо цхьалха ву.

 

 Кибиев Мусбек

-Стенах лаьцна ю стихотворени?(Нохчийн маттах).

-Муха хета авторна шен мотт?(Автор ваккхийвуьй,цо дозалла до шен маттах).

-Х1ун боху ца нохчийн маттах лаьцна?Схьаала хаьйн дагна 1аьткъина дешнаш.

-Тахана вай язйийр ю сочинени, ненан маттах лаьцна.

-Муьлханиг хир ю урокан коьрта 1алашо?(Ненан маттах лаьцна сочинени язъяр).

III.Сочинени язъян кечам бар.

       Масаллин кеп таллар.

-Схьаелла учебникан 6-г1а аг1о. Д1аеша масаллин кеп.

-Х1ун ю хьоста?Дошамца талла.

Хьоста-…..

 -Х1ун ю хазна?

Хазна-………………………

-Х1ун хаьа шуна нохчийн мотт кхоллабаларх лаьцна?(Нохчийн мотт ширачу заманчохь кхоллабелла).

-Х1ун эр дара аша хьалхарчу декъах лаьцна?Х1ун ю вайн меттан хазна?Стенах лаьтта и хазна?(Вайн меттан уггар коьрта хазна –г1иллакхе  хилар ду. Г1иллакх д1агойтуш г1уллакхца,дашца хилла нохчийн меттан).

-Муьлханаш девза шуна нохчийн г1иллакхаш?(Воккхачун некъ хадош дац нохчийн къоман, воккхачуьнга вистхуьлуш, нийсса ц1е ца йоккхуш , «ваши» я «йиши», «деца» , «ваша». Нагахь шен хенарниг , ца вевзарг хилахь, «сан йиша», «сан ваша» , аьлла вистхуьлу).

-Х1унда олу иштта?Х1ун гойту оцу дешнаша?(Оцу дешнаша воккхачуьнга, шен хенарчуьнга лерам гойту,иза шен йише, веше, дейише, девеше кхачор, уггар боккха лерам бу нохчийн).

-Муьлха г1иллакхе дешнаш девза шуна?Маса пайдаоьцу вай царех?(Дуккха ду нохчийн маттехь г1иллакхе дешнаш. Масала , 1уьйре я суьйре декъелъеш иштта дешнаш олу: «1уьйре дика хилла!», «Суьйре дика хилла!» «Де дика хилла!».).

-Юьртара адам гича муха вистилар ду вайн нехан?(«Хьо ара ваьлла?!», «Хьо вог1уш ву?!-, олий бистхуьлу нохчий вовшашка).

-Кхин муьлха г1иллакхе дешнаш девза шуна?Уьш маца олу?

-Халкъан барта кхоллараллехь муха гайтина нохчийн г1иллакхаш?(Нохчийн барта кхоллараллехь коьрта меттиг д1алоцу халкъан иллеша. Оцу иллешкахь нохчийн къонахийн майралла йовзийтина ца 1аш, хаза г1иллакхаш довзийтина. Масала «Жумин Акхтулла»илли т1ехь, Таймин Биболатана орацах вог1у къена Жума.Ша  чевнах хилла хилар ца хоуьйтуш, г1иллакхе вистхуьлу Таймин Биболат. Цо олу: «Ма вон веана хьо,х1ай къена Жума, хьо вал доккха х1ума дацара кхузахь».)

(Иллеш т1ера г1иллакхе к1айдаргаш уьн т1е д1аязйина хила еза).

-Кхин муьлха к1айдарг яло мегар дара масалина?

-Х1ун олу Адин Сурхон нанас, шега  цхьаъ бен воцу Сурхо вехча?(Доккхачу дуьнен т1ехь ,сирла б1аьрг тоьхча, Сурхол совнаха х1ума дац бабин, амма вехча ца вала вина вац  сан жима Сурхо, вехча вала вина ву сан жима Сурхо. Кху наха ,кийрара хьайн мерза схьа а даьккхина схьа ло бахахь, и са д1алолахь царна»).

-Х1ун эр дара аша нохчийн меттан хьалдолуш хиларх?(Нохчийн мотт хьалдолуш бу, дуккха а фразеологизмаш дустарш ду нохчийн маттахь. Масала , «ц1арна ц1е яхана» олу дика вевзаш лоьруш волчу стагана).

(Уьн т1е д1аяздо г1иллакхех лаьцна фразеологизмаш).

-Муьлха дустарш ду г1иллакх долчу адамех лаьцна?(Г1иллакх долу адамаш гуттара исбаьхьчу х1уманца юстуш ,олу нохчаша. Масала, догдика адамах, «сирла шовда санна» , «дашо малх санна»).

-Муьлха кицанаш девза шуна г1иллакхех лаьцна?

(Д1аяздина хила деза уьш уьн т1е).

-Х1ун эр дара аша нохчийн маттах, цуьнан г1иллакхе хазнех лаьцна? (вайна ма-гарра нохчийн дахарехь т1еэцна махиллара, нохчийн маттехь г1иллакхо д1алоцу коьрта меттиг. Цундела, нохчийн халкъан барта кхоллараллехь: иллешкахь, кицанашкахь дукха ду г1иллакхе х1уманаш.Цхьа туьйра а, илли , дийцар дац г1иллакх ца хьахош, и ца толош, Цундела аса дозалла до сайн ц1енчу маттах).

           План х1оттор.

-Муха йолор ю вай сочинени?(Мотт кхоллабалар).

-Кхоллабеллачул т1аьхьа муьлха хийцамаш хилла?(Оцу маттаца г1иллакхе бистхила 1аьмма нохчашна. Бистхилар д1адаржийна  барта кхоллараллехь).

-Х1ун ц1е туьллур ю оцу декъана?(Нохчийн мотт кога бахар: иллешкахь,дийцаршкахь,кицанашкахь, чохь ,арахь хазар).

-Муха ерзор ю сочинени?(Аса дозалла до нохчийн маттах).

    План д1аязйо уьн т1е.

1.Мотт кхоллабалар.

2.Мотт когабахар:

    А)чохь, арахь г1иллакхе балар;

    Аь)кицанашкахь, иллешкахь болабалар;

     Б) фразеологизмашкахь, дустаршкахь ира бекар.

3. Дозаллин т1ег1анехь латтар.

-Маса дакъа хир ду сочиненин?

-Муха долор ду х1ора дакъа?

IV.Сочинени язъяр.

       Дешархойн лааме хаьжжина,хьехархочо г1о до предложенеш вовшех тосуш, орфографически г1алатех ларбала.

V.Урокан жам1 дар.

-Х1ун дара хала?Стенах даккхийдоь шу?

VI.Ц1ахь бан болх балар.

1.     Сочинени схьаязъяр.

 

 

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал "Конспект урока "Нохчийн мотт-г1иллакхийн хьоста" (7 класс)"

Методические разработки к Вашему уроку:

Получите новую специальность за 3 месяца

Юрист

Получите профессию

Методист-разработчик онлайн-курсов

за 6 месяцев

Пройти курс

Рабочие листы
к вашим урокам

Скачать

Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 664 215 материалов в базе

Материал подходит для УМК

Скачать материал

Другие материалы

Контрольная работа по родному(татарскому) языку, 5 класс
  • Учебник: «Татарский язык: учебник для образовательных организаций с обучением на русском языке (для изучающих татарский язык)», Хайдарова Р.З., Ахметзянова Г.М.
  • 25.12.2020
  • 923
  • 13
«Татарский язык: учебник для образовательных организаций  с обучением на русском языке (для изучающих татарский язык)», Хайдарова Р.З., Ахметзянова Г.М.
1 нче сыйныфта белем алучы рус балаларына туган тел (татар теле) предметын укыту өчен эш программасы
  • Учебник: «Татарский язык: учебник для образовательных организаций начального общего образования (на русском и татарском языках)», Хайдарова Р.З., Галиева Н.Г.
  • 25.12.2020
  • 186
  • 0
«Татарский язык: учебник для образовательных организаций начального общего образования (на русском и татарском языках)», Хайдарова Р.З., Галиева Н.Г.
Промежуточная аттестация для 1 класса по татарскому языку для русскоязычных групп
  • Учебник: «Татарский язык (Татар теле): учебник для начальной общеобразовательной школы с русским языком обучения (на русском и татарском языках)», Фатхуллова К.С.
  • 25.12.2020
  • 2031
  • 120
«Татарский язык (Татар теле): учебник для начальной общеобразовательной школы с русским языком обучения (на русском и татарском языках)», Фатхуллова К.С.

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 26.12.2020 3866
    • DOCX 20.8 кбайт
    • 18 скачиваний
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Батарова Зулпа Алиевна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    Батарова Зулпа Алиевна
    Батарова Зулпа Алиевна
    • На сайте: 7 лет и 5 месяцев
    • Подписчики: 6
    • Всего просмотров: 663265
    • Всего материалов: 159

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой

Курс профессиональной переподготовки

Копирайтер

Копирайтер

500/1000 ч.

Подать заявку О курсе

Курс повышения квалификации

Методика обучения русскому языку в образовательных организациях в условиях реализации ФГОС

36 ч. — 144 ч.

от 1700 руб. от 850 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 481 человек из 71 региона
  • Этот курс уже прошли 5 634 человека

Курс повышения квалификации

Речевое развитие школьников на уроках родного (русского) языка в условиях реализации обновленного ФГОС НОО

36/72 ч.

от 1700 руб. от 850 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 38 человек из 21 региона
  • Этот курс уже прошли 215 человек

Курс профессиональной переподготовки

Педагогическая деятельность по проектированию и реализации образовательного процесса в общеобразовательных организациях (предмет "Русский язык и литература")

Учитель русского языка и литературы

300 ч. — 1200 ч.

от 7900 руб. от 3650 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 55 человек из 30 регионов
  • Этот курс уже прошли 62 человека

Мини-курс

Поиск работы: карьерные ориентиры и мотивы выбора профессии

6 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

Преодоление внутренних барьеров: убеждения, зависимости, и самооценка

4 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 185 человек из 48 регионов
  • Этот курс уже прошли 38 человек

Мини-курс

Психологические аспекты родительства и развития ребёнка

4 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе