Инфоурок Начальные классы Конспекты" Урок презентация по чеченскому языку по теме Суффикс"

" Урок презентация по чеченскому языку по теме Суффикс"

Скачать материал

Нохчийн мотт

Тема: «Сууфикс».

1алашо:  термин «суффикс» йовзийтар; суффиксан коьрта 1алашо (цхьанаораман дешнаш кхоллар) йовзийтар.

Юкъара дешаран ардам (УУД):

Предметни: 1емар ду  сууффиксан г1оьнца керла дешнаш кхолла; хуур ду дешнашкахь суффикс каро, иза билгалъяккха; суффиксан ,дештаьхьенан  цхьа г1уллакх дар хуур ду (цхьанаораман дешнаш кхоллан), башхаллаш евзар ю (суффикс орамана т1ехьа, дешхьалхе орамана хьалха лаьтташ хилар).

Метапредметни:

·        Регулятивни: хьехархочун г1оьнца урокан коьрта 1алашо билгалъяккха и кхочушъян нийса некъаш каро 1емар ду; хуур ду  шшайн белхан нийса мах хадо.

·        Коммуникативни: 1емар ду хьехархочун хаттаршан дуьззина жоьпаш дала, шайн жоьпаш масалшца т1еч1аг1дан.

·        Х1ума довзаран: учебникаца ,шайн пайде йолчу материалаца болх бан хуур ду; ойлаяр, тидамбар кхуьур ду.

Личностни: дика деша лаам кхоллар.

Урок д1аяхьар.

I.                  Дешаре шовкъ кхоллар.

-Де дика хуьлда ,бераш!

-Вайн тахана нохчийн метан урок ю. Муьлхачу дог-ойланца йолайо аша х1ара урок?

-Д1абешал шайн кхайкхам.

Дешар -серло,

Ца дешар -бода.

Кийча  ду  тхо х1инца

Деша ч1ог1а дика.

Дешархой тхо ледара дац,

Вон деша тхан ойла яц

        -Бераш, вай долчохь хьошалг1ахь ю , вайна массарна дукхаезаш йолу Маьлх -Аьзни.

Маьлх-Аьзни нохчийн туьйранийн турпалхо ю.

- Маьлх-Аьзни  школехь дика доьшуш ю. Цундела дика доьшучу дешархошца доттаг1алла дезаш ю. Шуна лаьий цуьнца дотаг1алла лело?

-Т1аккха аша кхочушдан деза цо деана т1едахкарш.

 

II. Дешархойн хьалхалера хаарш жигарадахар.

        1. Ц1ена язъяр.

-Х1етал-метал хаьийла шуна:

 

Пийсак санна

Ц1ен  бу ши ког,

До цо хи т1ехь

Нека дика,

Оьг1азъяхча,

Лаг а дахдой,

Хьоду т1аьхьа

«шашш-шашша» олий.  (Г1аз)

-Муьлха элп яздийр ду  вай ц1енаязъярехь?

         2. Дешхьалхенан коьртачу г1уллакхан тидам бар. (1-г1а т1едиллар).

Ловзар «Дош кхолла»

-Д1адеша дош. (Кхосса)

-Дешхьалхенех пайда а оьцуш , керла дешнаш кхолла.

(Дешархоша кхуллу керла дешнаш).

-Муьлханиг ду дешхьалхенан коьрта г1уллакх? Ткъа меттиг стенгахь бу цуьнан?

         3. Суффиксан коьртачу г1уллакхан тидам бар.

Дешнаш  тобанашка декъар. (2-г1а т1едиллар).

         Зурма , зурманча, вота , вотанча, понрдар , пондарча, болх , белхало.

-Д1адеша дешна. Шина тобане  декъа  уьш. Муьлха дешнаш далийна  аша  хьалхарчу  тобане? (Зурма , вота,  пондар , болх)

-Муьлхачу билгалонашца  далийна  аша  уьш цхьана  тобане? (Оцу дешнаша  х1умнаш  билгалйо).

-Муьлха дешнаш  далийна  шолг1ачу тобане. Муьлхачу  билгалонашца далийна аша уьш  цхьана  тобане? (Цара  адамаш билгалдо)

-Х1ун ду  церан  юкъара  ?  (Уьш  шишша  гергара ду)

-Билгалбаха  орамаш. Муьлха  дакъош  диси орамна  т1ехьа?(-нча-,хо-,-ло-).

-Хьанна хаьа уьш х1ун ю? (Берийн жоьпаш).

 -Муьлханиг ду суффиксан коьрта г1уллакх? Ткъа меттиг муьлханарг бу цуьнан?

Урокан тема а 1алашо а йовзийтар.

Д1адешал дешнаш

 Чухохку, чу а хохку, д1атуху, д1а ца туху , т1ехьокху , т1е а хьокху, схьаязйо, схьа ца язйо, аракхуссу , ара ца кхуссу д1аолу,араволу,д1а ма ала, хьала ца волу.

Х1ун эр дара аша царех лаьцна?Цхьа долу дешнаш орамах кьаьстина яздина. Муьлха дешнаш ду цигахь къаьстина яздинарш?

Дешхьахений орамний юккъехь  а,ца,ма дерш кьаьстина яздина?

Таханлера тема хьан эр яра?

Хандешнашца а,ца,ма нийсаяздар.

Х1ун 1емар ду вайна тахана?

Хандешнашца а,ца,ма нийсаяздан.

 

 

 

 

 

-Д1адеша дешнаш кхоккха . Муьлха дешнаш ду  уьш? (Гергара).

-Д1аязде дешнаш. Орам билгалбаккха.

-Муьлха дакъош диси шун орамашна т1ехьа? (-р, -хо, -ан, -ча,-ло).

-Х1ун ю уьш?.

-Д1адеша и дешнаш суффиксаш йолуш йоцуш. Х1ун хийцамаш би суффиксо? (Дешнийн маь1наш хийци, керла дешнаш кхоьлли).

(Таллам бо).

            2. Бакъо таллар.

-Д1аеша  100-г1а аг1онна т1ера бакъо?

-Х1ун ю суффикс?

-Стенгахь лаьтта иза?

-Муьлханиг ду  суффиксан коьрта г1уллакх?

    3. Тобанашкахь болх бар

Шардар № 209, аг1о 100.

Мангал+хо- мангалхо, хаза+лла-хазалла, ловза+р-ловзар,

Пондар+ча-пондарча, ледар+ло-ледарло, дитт+ан-диттан

(г1а), хаа+м-хаам, сара+г-сатаг, ц1е +лиг-ц1елиг.

V. Сада1аран миноташ.

VI. Пайдаэцар — хаарш а, шардалар а кхоллар.

        1.Дешархошка шайга болх байтар.

·        Шардар №210, аг1о 100.

 

-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушйо упражнени?

(Дешархоша шаьш кхочушйо упражнени).

-Д1адеша дешнаш шайца суффиксаш йолуш ,йоцуш. Стенан тидам би аша? (Суффиксо керла маь1на долуш дешнаш кхуллу).

         2. Дешнашкахь шиъ суффикс хиларан тидам бар.

·        Диктант.

-Х1унда доьлху бераш школе?

-Муьлханиг ду дешархойн школехь долу г1уллакх?

-Х1ун олу школехь доьшуш долчу берех?

-Мосозза хийцаделла деша дешан маь1на? Муьлхачу декъо хийцина и дуьххьара? Шолг1а?

-Х1унда воьду хьехархо школе?

-Муьлха г1уллакх ду цо школехь коьрта лелош дерг?

-Хьан хьоьху  берашна ишколехь?

-Х1унда воьду хьуьнах?

-Муьлханиг ду хьуьнах воьдучу стеган коьрта г1уллакх?

-Мила ву хьуьнхахь толлуш верг?

        3.Карточкашца болх бар.

Дар билгалден дешнаш.

Х1ун дан?

Х1уманаш билгалъен дешнаш.

Х1ун?

Адамаш билгалден дешнаш.

Мила?

Хьенан? стенан? хаттаршан жоьпаш лун дешнаш.

 

деша

дешар

дешархо

дешаран

язда

___________________

____________________

____________________

ловза

____________________

____________________

____________________

 

    

1. Д1адеша туьйра. Караде гергара дешнаш.

Туьйра «Лулахой».

        Бехаш бара лулахой: лекха лам, баьццара хьун. Бертахь а ,хаза а дехара уьш. Уьш бератхь  а хаза а, дахаро гонах мел долу садолух1ума а , адам а дара ирсе а , могаш а дехаш.

          Цхьана дийнахь хьуьнхо веара лам болчу дагавала. Цо элира , ша ларъеш йолу хьун мажлуш , кхиарехь сецна ю, иза х1аллакьхила герга ю. Ойлайира ломо. Цо схьакхайкхира шен гергара нах ,хьуьнан г1о дан. Схьакхечира ламанан шийла шовда. Цо шеен сирлачу хица 1абийра хьун. Сенъяла йолаелира хьун. Схьакхечира ламанхой. Цара дакъаделла битташ д1а а ,дохуш керла синтарш дийг1ира, нуьнхахь хила ца еза нехаш д1аехира. Хьалхачулла а хазъелла д1ах1оьттира хьун. Хьалхачул ирсе бехира :  ламанхой, ламанан шовда, лам, хьун , хьуьнхо,хьуьнан 1алам.

1.     Схьаязде уьш.

_________________________________________________________________

_________________________________________________________________

 

 

 4. Дешан х1оттам таллар.

-Х1ун  ю орам? чаккхе? суффикс? дешхьалхе?

  5.Тобанашкахь болх бар.

-Маьлх-Аьзнис шуна деана самукъане т1едахкарш.

   1-ра тоба- аша горгалиш чохь долчу элпаш нийса хоттахь ,шуна дош карор ду.

    2-г1а тобадешнийн лами нисбе.

    3-г1а тоба- ребусаш еша еза.

    4-г1а тоба – зезаг дуза

. Суффиксаш йолу дешнаш билгалдаха.

    5-г1а тоба , схемина дош караде

VII. Рефлекси.

Шаьш хадабе шайн белхан мах «+» я «-» дуьллуш.

 

Муьлхачу дашехь дерш ду цхьа орам болу дешнаш?

а) деша, дешар, дешархо.

аь) хьаша,хьашас,хьеше, хьешах.

 

Муьлха алар ду нийса?

а) суффиксо керла дешнаш кхуллу.

аь) суффиксо предложенерчу дешнашна юкъахь уьйр латтайо.

 

Муьлха алар ду нийса?

 а)Суффикс орамна т1ехьа лаьтта

аь) суффикс орамана хьалха лаьтта.

 

VIII.Урокан жам1.

-Стенах олу суффикс?

-Муьлханиг ду цуьнан коьрта г1уллакх?

-Стенгахь хуьлу и дашехь?

IX. Ц1ахь бан болх балар.

1.     Упражнени № 211 , аг1о 101.

2.     Бакъо , аг1о  100.

 

Рашидов Шаид

 

Доккхачу лаьтта т1ехь

Хазалла лоьхуш,

Сада1ар дицдина

Еттарх а йорт,

Хьегаран хьу елла,

Шена т1евоьхуш,

Хиллера ц1ийх боьлла

Сан Ненан мотт.

 

Зезагийн лесторехь,

Техкарехь диттийн,

Къайленаш соь юьйцуш

Ловзарехь х1орд,

Ладоьг1ча шабаршца

Бешарчу ниттийн,

Соь ницкъ лург хиллера

Сан Ненан мотт.

 

Иллига бирзича

1енадеш б1аьрхиш,

Делхадеш, ловзадеш

Кийрара дог.

Кхолабеш, юха а

Къагабеш б1аьргаш,

Серло лург хиллера

Сан Ненан мотт.

 

 

Диканехь я вуонехь

Дош ала дезча,

К1орггера ян воьлча

Хиллачийн чот,

Эхь, иман я г1уллакх,

Доьналла эшча,

Хьекъал лург хиллера

Сан Ненан мотт.

 

Вахар а х1ун оьшу

Цунах д1ахаьдча?

Бицбина вехаш верг

Ю яьсса ботт.

И саннарг карор бац

Мел дукха лехарх,

Даймехкан дозалла

Сан Ненан мотт.

 

          

 

 

      3. Тобанашкахь болх бар. (1-ра т1едиллар).

1-ра тоба схьаязде дешхалхе орамца къаьстина  яздина дешнаш, 2-г1а тоба схьаязде дешхьалхе орамца хоьттина яздина дешнаш.

               Чухохку, чу а хохку, д1атуху, д1а ца туху , т1ехьокху , т1е а хьокху, схьаязйо, схьа ца язйо, аракхуссу , ара ца кхуссу д1аолу,араволу,д1а ма ала, хьала ца волу.

-Маса язйо дешхьалхе орамца къаьстина? хоьттина?

(Дешхьалхе хандашах къаьстина язйо,нагахь санна дешхьалхенний,орамний юккъе ца,ма,а даг1ахь)

 

 

 

 

 

 

 

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал "" Урок презентация по чеченскому языку по теме Суффикс""

Методические разработки к Вашему уроку:

Получите новую специальность за 3 месяца

Эксперт по оценке имущества

Получите профессию

Бухгалтер

за 6 месяцев

Пройти курс

Рабочие листы
к вашим урокам

Скачать

Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 665 181 материал в базе

Скачать материал

Другие материалы

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 11.01.2020 3654
    • DOCX 54.4 кбайт
    • 132 скачивания
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Тапаева Мадина Вахаевна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    Тапаева Мадина Вахаевна
    Тапаева Мадина Вахаевна
    • На сайте: 6 лет и 2 месяца
    • Подписчики: 0
    • Всего просмотров: 15014
    • Всего материалов: 13

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой

Курс профессиональной переподготовки

Няня

Няня

500/1000 ч.

Подать заявку О курсе

Курс повышения квалификации

Особенности введения и реализации обновленного ФГОС НОО

36 ч. — 144 ч.

от 1700 руб. от 850 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 1104 человека из 80 регионов
  • Этот курс уже прошли 19 295 человек

Курс повышения квалификации

Инновационные технологии управления профессионально-педагогической деятельностью учителей начальной и средней школы в условиях реализации ФГОС

72/144/180 ч.

от 2200 руб. от 1100 руб.
Подать заявку О курсе
  • Этот курс уже прошли 84 человека

Курс повышения квалификации

Система диагностики предметных и метапредметных результатов в начальной школе

36 ч. — 144 ч.

от 1700 руб. от 850 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 136 человек из 46 регионов
  • Этот курс уже прошли 2 118 человек

Мини-курс

Основы теоретической механики

5 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

Soft-skills современного педагога

3 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 46 человек из 21 региона
  • Этот курс уже прошли 26 человек

Мини-курс

Психология учебной среды и развития детей: от диагностики к коррекции

3 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 25 человек из 16 регионов
  • Этот курс уже прошли 25 человек