Терахь:17.11.20ш.
Белхан
меттиг:МБЮУ «ЮЮШ №1 ю.Г1улари»
Хьехархо:Пожаева
А.М.
Класс:2
Предмет:Чеченская
литература
Тема: «Дешархойн
къийсадаларш» З.Муталибов.
1алашо:З Муталибовн
дахар, кхолларалла , цуьнан керла дийцар «Дешархойн къийсадаларш»
довзийтар,нийса кхеташ дийцаран тексташ еша 1амор.текста юкъара коьрта маь1на
каро хаар.
Билгалбаьхна кхиамаш:
берашна
хаьар ду нийса , соцанг1а а еш шайн дагахь а, хезаш а дийцаран произведенеш
еша, хьехархочун хаттаршна шайн дешнашца жоьпаш дала, текста юкъара
д1адеша.Берашна хуур ду произведени юкъахь вониг довза цунах лардала, диканиг
ган цунах пайдаэца
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ера болх таллар.
Бераша
схьайуьйцу Т.Ахмадован «Нура» ц1е йолу стихотворени
2.1алашо йовзийтар.
-Муьлха
произведени йоьшур ю вай тахана?
-Вай
тахана доьшур ду З Муталибовс яздина «Дешархойн къийсадаларш» дийцар.
3.Дешаре шовкъ кхоллар
1. Дешар - серло, ца дешар -
бода.
2. Йоза доцу стаг шура йоцучу аттах тера ву.
3. Коьртехь хьекъал ца хилча,
когаша къахьоьгу
-Муха кхета шу кицанех?
4.Керла тема хьехар.
а)Хьехархочун дош
Зайнди Муталибов
Нохчийн
яздархо ву. Иза вина 1922 шарахь 15 сентябрехь Хоттани чохь веданан районехь,
къехочун доьзалехь.
Жима
волуш дийна болх бан дийзира муталибовн. 7 класс чакхъяьккхинчул т1аьхьа цо
болх бо юьртарчу школехь пионервожатичун даржехь.
З.
Муталибовн дуьххьарлера стихотворении арайолу зорбанехь 1937 шарахь «Ленинан
некъ « газетан аг1онашкахь.
1941
шарахь З. муталибов 255- полка юкъахь т1ам т1е воьду. Цо т1ом бо Южни,
Сталинградски, Юго- заподни т1емашкахь.цу т1ам т1ехь мог1арера салтичух цунах
хилира штабан куьйгалхо.Цуьнан ю 7 награда. Царах цхьаъ ю «орден Ц1ечу
байракхан». Иза ву майор запаса советан эскаран.
Т1еман
хенахь муталибовс язйина дукха стихаш. Очеркаш, дийцарш.Царна т1ехь цо дуьйцура
салтечун майраллех, Даймохк дукхабезарх лаьцна.
1946-1957
шерашкахь цо болх бо киргизийн школашкахь хьехархочун даржехь.Амма нохчий
ц1абирзинчул т1аьхьа цо болх бо журналистан даржехь ,директор книжни
издательствин.
Цуьнан
дукхахйолчу произведенийн тема- т1еманиг ю. Яздархо – т1емлочо юх-юха а яздо
халкъо т1ом болуш гайтинчу майраллех лаьцна.Цуьнан произведенешкахь дерг
дерриге а бакъдерг ду т1етоьхна х1ума а доцуш .
аь)
Хьехархочо д1адоьшу З Муталибовс яздина «Дешархойн къийсадаларш» дийцар.
б_Чулацамах къамел дар.
-Х1ун
элира классни собранехь Лайла Абдуллаевнас?
-Бераш
Хьаваг1аьрга х1унда дахара?
-Цара
х1ун дан сацам бира?
-Шайш
класс толийтархьама , вонлеларш муха д1адехира бераша?
-Муха
бераш хета шуна уьш?
-Аша
цаьрца доттаг1алла лелор дарий?
-Муьлха
кица дог1у кху дийцарна?
5.Сада1аран миноташ.
6.Керла тема кхин д1а а хьехар.
А)Бераша д1адоьшу З Муталибовс яздина «Дешархойн къийсадаларш» дийцар.
7.Жам1 дар.
-Муьлха
дийцар дийшира вай? Мила ву цуьнан автор?
-Х1ун
хьоьху вайна цо?
8.Ц1ахь бан болх балар.
Шера
д1адеша З Муталибовс яздина «Дешархойн къийсадаларш» дийцар.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.