Инфоурок География КонспектыКонспект урока на тему "Элпаш Э,э яздар", (1-ра класс).

Конспект урока на тему "Элпаш Э,э яздар", (1-ра класс).

Скачать материал

36-г1а  урок.

Урокан ц1е: « Йозанан  жима а , доккха а элпаш  п  , П  яздар».

1алашо: йозанан   жима а , доккха а  элпаш  п  , П    довзийтар. Уьш   шаьш а  , дешдакъошкахь а  яздан  1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан  жима а , доккха а элп а  п  , П.  1емар ду  уьш  нийса  а ,хаза а яздан.

2.  Метапредметни:

·        Регулятивни: берашна  1емар ду шайн белхан план х1отто, цу планан  рог1алла а  ларъеш йозанан корматалла  караерзо.

·        Коммуникативни: берашан 1емар ду хьехархочун хаттаршна  дуьззина а , доца а жоьпаш дала. 1емар ду  шайна  хетарг маь1ница нийса  д1аала. Берашна 1емар ду  тобанашкахь болх бан , тобанашкахь кхиамаш баха.

·      Познавательни:  берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр . 1емар ду  аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманашкахь билгалъяха. Берийн  алсамдер ду дешнаш довзар.

3. Личностни: берашна  1емар ду  шайн болх , дикачунца  доза , дикачу аг1ор дерзо. Ненан  матте  безам  и 1амо лаам  хир бу. Берийн лаам хир бу 1алам хаздан.

 

            Урок  д1аяхьар.

1. Маршалла  хаттар.

2. Дешаре шовкъ  кхоллар.

·        Ловзар : «Х1етал-металш».

-Х1етал-метал хаийла хьуна:

Вайн хийистера баьццара бохча?  (Пхьид)

 

Даьтт1а балда, даккхий лергаш.

Синтеме яц, еш ю тер го

Цунна санна дезац дахар.

Х1ун ю иза… (Пхьагал).

 

Б1аьргаш буг1анан санна,

Ша буйннал бен яц?... (Пхьид).

-Муьлха  х1умнаш ю х1етал-металш т1ехь юьйцурш? (Пхьид , пхьагал).

-Х1ун  ду  церан  юкъара? (Оцу  дешнашна  юьххьехь  хеза  аз (П)).

-Муьлхачу  элпаца билгалдо  аз (П) йозанехь? (Пп элпаца).

 

3. 1алашо йовзийтар.

      (Хьехархочо  гечдо баьццарчу байнан  сурт Цу т1ехь  ду хаза зезагаш.Цо хоуьйту берашна  и бай  берий хилар . Олу и бай хазбан безаш хилар . Хаттарш ло : х1ун т1е оьшу  цу байна? Бераша олу  : «Полларчий оьшу» - олий. Хьехархочо д1ахоуьйту , бераша дика болх бина даьхна  полларчий  вайн бай т1е леториг хилар и бай хазбан).

-Бераш ,  вайна таханлера  т1едахкарш  деана  полланан  суьрташ чохь. Шуна хазахетий полларчий? Шайна  дезачулла схьаэца. Х1ора  полланна  т1ера т1едилларе а  хьовсуш , шайна балун болу болх билгалбаккха . Ала , х1ун  кхиамаш  баха  дагахь ду  шу?

 

-Бераш , вайна тахана  девзар ду йозанан  жима а , доккха а элпаш  п,П. Шуна  1емар ду  и элпаш ша-ша , дешдакъошкахь  кхечу элпашца хоьттина а яздан. Вайна 1емар ду  дешан  схема х1отто а.

 

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш п, П довзийтар , яздар.

·        Йозанан жима а , доккха а элпаш  п , П  довзийтар.

-Бераш, шайгара элпаш юкъара  схьахаржа  зорбанан жима а , доккха а элпаш п , П . Мичахь хуьлу зорбанан элпаш? (Книгаш т1ехь).

-Хьанна девза шуна  йозанан  доккха а ,жима а  элпаш  п , П  ? Схьагайта.

-Х1ара  йозанан жима элп  п  ду,х1ара  йозанан доккха элп   П  ду.

-Х1ун  кхиамаш  бехи аша? (Суна девзи  йозанан жима  а , доккха а элпаш  п ,П).

-Массарна девзин  шуна? Юха гайта сунна.

·        Йозанан  жима  элп   п   яздар.

-Т1адам  буьллу лакхарчу белхан мог1ане. Билгалонна деллачу сизах  пайда а оьцуш охьавог1у лахарчу белхан  мог1ане кхаччалц. Хьалавоьду  хьаькхначу  сиха т1ехула. Хьалакхачале  гу а буьллуш , лакхарчу белхан мог1анах хьакхалуш охьавог1у . Лахарчу белхан  мог1анна  т1е кхочуш  техкарг  юьллу , цу т1ера  д1а тасалуриг юьллу.

·        Элп п х1аваэхь  диллар.

·        Элп п  кисточкица  диллар.

-Д1аязде  элпаш  шайн  тептарш т1е. Уггаре хаза  диллинчу  элпана  т1ехула  т1адамаш дахка.

п п п п п п п п п п п п п п п п п

-Х1ун кхиамаш  бехи аша?

·        Йозанан жима элп п  дешдакъошкахь кхечу элпех хоттар.

Уьн  т1е д1аяздеш гойту хьехархочо , муха хота деза  п элп кхечу  элпех.

па    ап

по    оп
пу    уп

пи    ип.

-Д1аязде  и дешдакъош  тептарш  т1е. Диц ма де :  полларчий лур дац  хаза  язйиначунна  бенна.

-Х1ун кхиамаш  бехи аша?

·        Дешан  схеманаш х1иттор.

Моллин коьртахь даим

                                                   Гур ю шуна со.

                                                  Е -нах И а хуьлуш,

                                                  Хийцалой цхьа элп,

                                                 Цхьанна оьуш воцу,

                            Стаг хуьлу сох пайдабоцу.  (Пес - пис)

-Х1ун хуьлу  моллин  коьртахь? (Пес).

-Е элпан  метана  И диллича  х1ун хуьлу? (Пис).

-Муха  кхета шу ПИС дашах? (Берийн  жоьпаш).

-Бераш , аша  оцу шина дешан  схеманаш х1итто еза.

1-ра  тоба  -аша х1оттайо ПЕС дешан  схема.

2-г1а  тоба –аша  х1оттайо  ПИС дешан схема.

(Хьехархочо таллам  беш , бераш девллачул  т1аьхьа уьн т1ехь х1иттайо  схеманаш. Бераша  нисдо  г1алаташ , нагахь делахь).

             Ц1

С

 

С

                  Ц1

С

 

С

-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан гулдина дукха  полларчий?
 5. Сада1аран миноташ.

Поезд

Хьехархо берашна хьалха д1ах1утту. Бераш вагонаш ю.

-  Ма беха а бу вайн поезд! Гайтал чкъургаш муха юьйлало (бераш куьйгаш голашкахь сатта а дой, хьалха-т1аьхьа доьлхуш лела).

Вайн поезд д1абоьду,

Чкъургаш керчайо.

Поезд чохь д1адоьлхуш

Кегий бераш го.

Генна шаьш д1адоьлхуш

Дегнаш ийало.

-  Сацийта! Соцунг1а ю!

Мила ву ловза лууш

 Сихха ара- Довла (бераш поезд чуьра ара а довлий, хьуьнанц1азамаш лехьо х1уьтту).  Поездан шок хеза. Бераша, юха а мог1а бой д1а а х1уьттий, поезд болаболуьйту. Шена т1аьхьа байташ ала олу берашка хьехархочо:

«Tlyт1!» - олуш, поездо

Шен вагонаш такхайо.

Чу - чу - чу - чу - чу - чу,

Геннауьш д1аюьгур ю.

Баьццара вагонаш

Уьду, уьду уьду.

Яккхий горга чкъуьргаш

Керча, керча, керча..

6. Йозанан доккха  элп П яздар.

·        Хьехархочо уьн т1ехь яздо йозанан доккха элп П яздар.

Т1адам  буьллу  лакхарчу белхан мог1анна , г1оьнан мог1анна  юккъе. Билгалонна деллачу сизе терра охьавог1у ,лахарчу белхан моганна т1е кхачале аьрру аг1ор хьаьвзаш техкарг юьллу , цу т1ера д1а тасалуриг.

Т1адам буьллу лакхарчу  белхан мог1анна , г1оьнан  мог1анна  юккъе. Охьавог1у  билгалонна деллачу сизе терра  раз. Лахарчу белхан мог1анна т1е кхочуш аьтту аг1ор техкарг юьллу , цу т1ера д1а  тасалуриг.

Белхан мог1анна , г1ьнан  мог1анна  юккъехула маь1иг йолу сиз яздо деха.

-Х1инца  аса д1а а  олуш , аша  д1аяздо шайн дагара  и элпаш. (Хьехархочо  ша д1а а олуш д1аяздо и элпаш тептарш те  элпаш П , Т).

-Муьлха элпаш ду аша  яздинарш? (Элпаш П, Т).

-Х1ун ду  цхьатера?  Х1ун ду тайп-тайпана?

-Д1аязбе  шайн  тептарш т1ера мог1анаш.

П П П П П П П П П П П П П П П П П П П П П П П П П  П П П П П П П

-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьанна  дог1у  полларчий?

·        Дешнашкахь  элп п яздар.

Поп , палс , пен , паста , пола , баппа.

-Д1адеша  и дешнаш. Муьлха дош ду шуна ца девзаш дерг? (Баппа).

-БАППА –иза  орамтийн  цхьа тайпа ду . 

-Д1аязде  и дешнаш.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан гулди полларчий вай бай хазбан?

7. Жам1 дар.

·        П элпах лаьцна  байт  1амор.

 

Элпах Хьуьстиг   кхозавелла,

Турник ю и моттаделла.

-Муьлха  элп ду  цу т1ехь дуьйцург? (Пп).

-Стенах тер аду и элп? (Турниках).

-П элпо  муьлха аз билгалдо? (П).

-Аз (П)  мукъа ду  я мукъаза ду? (Мукъаза).

7. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш  бехи аша? Хьан бина уггара дика болх  вайн бай  хазбан? 

 

37-г1а  урок.

Урокан ц1е: « Йозанан  жима а , доккха а элпаш  п  , П  яздар».

1алашо: йозанан   жима а , доккха а  элпаш  п  , П    кхин д1а а довзийтар. Уьш   шаьш а  , дешдакъошкахь а  яздан  1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна кхин д1а а  девзар ду йозанан  жима а , доккха а элп а  п  , П.  1емар ду  уьш  нийса  а ,хаза а яздан.

2.  Метапредметни:

·        Регулятивни: берашна  1емар ду шайн белхан план х1отто, цу планан  рог1алла а  ларъеш йозанан корматалла  караерзо.

·        Коммуникативни: берашан 1емар ду хьехархочун хаттаршна  дуьззина а , доца а жоьпаш дала. 1емар ду  шайна  хетарг маь1ница нийса  д1аала. Берашна 1емар ду  тобанашкахь болх бан , тобанашкахь кхиамаш баха.

·      Познавательни:  берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр . 1емар ду  аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманашкахь билгалъяха. Берийн  алсамдер ду дешнаш довзар.Берашна хуур ду  адамийн  ц1ераш , дийнаташна техкина  ц1ераш даккхийчу элпашца яздан.

3. Личностни: берашна  1емар ду  шайн болх , дикачунца  доза , дикачу аг1ор дерзо. Ненан  матте  безам  и 1амо лаам  хир бу. Берийн лаам хир бу 1алам хаздан.

 

                             Урок  д1аяхьар.

1.Маршалла  хаттар.

2. Дешаре шовкъ  кхоллар

·        Ловзар : «Б1аьвнаш».

-Бераш , шуна гуш ерш б1аьвнаш ю . И б1аьвнаш  тайп тайпана . Уггар  йоккханиг хьалха а

х1оттош , кег-кегийниш т1ехьа а х1иттош д1анисъе уьш . Шуна карор ду кер

Стрелка: пятиугольник: П
Стрелка: пятиугольник: О
Стрелка: пятиугольник: Н
Стрелка: пятиугольник: Д Стрелка: пятиугольник: А
Стрелка: пятиугольник: Р
 

 

 

 

 

 


-Муьлха элп ду уггаре  йоккхачу б1ав чохь? Цул жимчун чохь? Цу жимачун чохь? Цул жимачунчохь?

-Муьлха дош  хили ? (Пондар).

-Муьлха  элп ду цу дашна хьалхахь? (П).

-Кхин а ала  элп П  хьалхахь долу дешнаш. (Полла , поп).

-Элп  п  юккъехь долу дешнаш. (Поппар).

Элп  п т1ехьахь долу дешнаш. (Топ).

-Х1ун 1амор дув ай тахана? (Берийн  жоьпаш).

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , вайн таханлера т1едахкарш ду  кемсийн суьрташца. Х1ораммо  шена  «яалур» олчулла  схьаэца кемсаш. Дийца х1ун кхиамаш  баха дагахь  душ у? (Бераша дуьйцу , х1ораммо  шега далур дерг).

-Бераш , вайна тахана кхин д1а а   девзар ду йозанан  жима а , доккха а элпаш  п,П. Шуна  1емар ду  и элпаш ша-ша , дешдакъошкахь  кхечу элпашца хоьттина а яздан. Вайна 1емар ду  дешан  схема х1отто а.

4. Йозанан жима а ,  доккха а элпаш ша-ша , дешдакъошкахь , дешнашкахь кхечу элпех  хоьттина яздар.

·        Йозанан жима а, доккха а элпаш п , П яздар.

Пп  Пп Пп Пп Пп Пп Пп  Пп Пп Пп Пп Пп

-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьана яздина хаза?.

·        Дешдакъошкахь йозанан доккха элп П яздар.

(Хьехархочо уьн т1ехь гойту , элпийн нийса хоттар).

Па  По  Пу Пи Пе

-Хьан язди хаза? Хьанна йог1у кемсаш?

·        Ловзар : «Дог1у дош ала!»

Оьшуш вац со девнан сара:

Белхаш бан со ваьлла ара.

Латта кечдеш ву со б1аьста:

Хир ю яа хорбаз, ....  (Паста)

Доккхуш хьуьнах доккха «доп»,

Херхо божий боккха ....  (Поп)

 

Школан кертахь ловзуш лела

Мовсар, Марет, 1ела.

Чекхъели те хьалхара смена

Я йолаели ....  (Перемена

 

-Муьлха дешнаш хили шун? (Поп, паста, перемена).

-Х1ун ду церан юкъара? (Дешнашна  юьххьехь ду  элп П).

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Аса хьехархочун хаттаршна  жоьпаш дели).

·        ПОП  дешан схема х1оттор.

(Яханчу  урокашкахь санна  д1ахьо и болх).

5. Сада1аран миноташ.

6. 1амийнарг  т1еч1аг1дар.

·        Дешнашкахь  йозанан жима а , доккха а элпаш п , П яздар.

Уьн  т1е  д1аяздо дешнаш.

Падам , Напса ,   поппар , паста , пен , палс.

-Д1адеша дешнаш. Муьлха дешнаш  яздина  даккхийчу элпашца? Х1унда яздина и дешнаш даккхийчу элпашца?

-Д1адеша хьалхара  дош. Маса дешдакъа ду цу дешан? Муьлханиг ду хьалхара? Шолг1а? (Иштта  толлу  важа  дешнаш).

-Д1аязде и дешнаш  дешдакъошка  доькъуш.

-Муьлха дешнаш  ца дийкъи аша? (Пен , палс).

-Х1унда  ца дийкъи  и дешнаш  дешдакъошка? (Церан  цхьа дешдакъа  бен дац , цундела уьш  ца декъало).

·        Предложенеш  язъяр.

Уьн т1е д1аязйо  предложенеш.

Падаман Пису  ду. Пису хаза  ловзу.

-Д1аеша  предложенеш. Муьлха дешнаш яздина даккхийчу  элпашца? (Падам , Пису).

-Х1унда  яздина ПИСУ  дош доккхачу элпашца? (Берийн жоьпаш).

-ПИСУ цицигана  тиллина  ц1е ю . Дийнаташна техкина ц1ераш  даккхийчу  элпашца яздо.

-Д1аязъе и предложенеш.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан язйина  хаза?

·        Кхоллараллин болх.

Бераш , аша  ян еза кегий проекташ. Шайгахь долчу  листаш т1е аша  летадо  Пп элпана  дог1у  суьрташ , элп Пп , муьлхха  цхьана  дешан схема. Цул совнаха  Пп элпах  лаьцна байт язъян мега.

(Дераша кхочуш бо болх . Цул т1аьхьа  дуьйцу , шаьш стенах пайда а оьцуш бина, х1унда хаьржина  иза  я важа сурт).

7. Жам1 дар.

-Муьлха элп девзи шуна? Х1ун  хаьа шуна  Пп элпах лаьцна?

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш  бехи аша? Хьан гулйи угаре дукха кемсаш?

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал "Конспект урока на тему "Элпаш Э,э яздар", (1-ра класс)."

Методические разработки к Вашему уроку:

Получите новую специальность за 2 месяца

Бизнер-тренер

Получите профессию

HR-менеджер

за 6 месяцев

Пройти курс

Рабочие листы
к вашим урокам

Скачать

Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 664 236 материалов в базе

Материал подходит для УМК

Скачать материал

Другие материалы

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 01.10.2020 330
    • DOCX 30.8 кбайт
    • 11 скачиваний
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Батарова Зулпа Алиевна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    Батарова Зулпа Алиевна
    Батарова Зулпа Алиевна
    • На сайте: 7 лет и 5 месяцев
    • Подписчики: 6
    • Всего просмотров: 663273
    • Всего материалов: 159

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой

Курс профессиональной переподготовки

Няня

Няня

500/1000 ч.

Подать заявку О курсе

Курс повышения квалификации

Актуальные вопросы методики преподавания географии в условиях реализации ФГОС

72 ч.

2200 руб. 1100 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 66 человек из 42 регионов
  • Этот курс уже прошли 245 человек

Курс повышения квалификации

Игровые приемы и методы обучения в школьном курсе физической географии

36 ч. — 144 ч.

от 1700 руб. от 850 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 32 человека из 20 регионов
  • Этот курс уже прошли 178 человек

Курс повышения квалификации

Содержание и технологии школьного географического образования в условиях реализации ФГОС

36/72 ч.

от 1700 руб. от 850 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 75 человек из 37 регионов
  • Этот курс уже прошли 1 327 человек

Мини-курс

Управление стрессом и психологическими состояниями

2 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 78 человек из 32 регионов
  • Этот курс уже прошли 56 человек

Мини-курс

Искусство переговоров: стратегии и тактики в различных сферах жизни

6 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 39 человек из 17 регионов
  • Этот курс уже прошли 13 человек

Мини-курс

Эволюция классической музыки до романтизма

4 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе