Инфоурок География КонспектыКонспект урока по чеченскому языку на тему "Элпаш К1,к1 яздар", (1-ра класс).

Конспект урока по чеченскому языку на тему "Элпаш К1,к1 яздар", (1-ра класс).

Скачать материал

76-г1а  урок.

Урокан ц1е: « Йозанан  жима а , доккха а элпаш  к1 , К1  яздар».

1алашо: йозанан   жима а , доккха а  элпаш  к1 , К1  довзийтар. Уьш   шаьш а  , дешдакъошкахь а  яздан  1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан  жима а , доккха а элп а к1 , К1.  1емар ду  уьш  нийса  а ,хаза а дешдакъошкахь а , дешнашкахь а яздан.

2.  Метапредметни:

·        Регулятивни: берашна  хуур ду  шайн белхан план  х1отто, оцу планан рог1алла а ларъеш дика деша. Берашна 1емар ду  вовшийн кхиамех  самукъадала , вовшашна г1о дан. Берашна  хуур ду  шайн кхиамаш бовза  , царех пайдаэца. Кхачамбацарийн бахьнаш ган , уьш д1адаха а 1емар ду.

·        Коммуникативни: берашна  1емар ду хьехархочун хаттаршна  дуьззина  я доцца жоьпаш дала. Хуур ду  шайна оьшург хата , накъосташца а , вокхаччунца а г1иллакхе бистхила.

·      Познавательни:  Берийн алсамдер ду  ойлаяр , тидам  бар , дешнаш довзар. Берийн шорлур ду фонетически кхиам. Берашна хуур ду  адамийн ц1ерашкахь доккха элп яздеш хилар.Берашна  1емар ду  шайн ц1ахь дуьйна  дешаран  кхиамаш баха  ойла т1е а  ерзина , белхан кечам  а болуш хила.

3. Личностни: берийн дозалла  хир ду нохчийн матах , лаам хир бу  и к1оргера дика 1амо ,цуьнан хазалла ган. Берашна 1емар ду кегий болуш дуьйна шайн амалехь диканиг кхио, вониг д1ататта.

Урок  д1аяхьар.

1. Маршалла  хаттар.

2. Дешаре шовкъ  кхоллар.

·        Ловзар: «Х1етал-металш».

Х1етал-метал хаийла хьуна:

 

Йоьдуш - яьсса, йог1уш - юьзна?(К1удал)

 

Х1окху дуьнен т1ехь хан мел йоккху

ган йишйоцу х1ума? (К1есарк1аг)

Ло а дац, ша а бац, детица кхелича санна аре к1ай  йина? (К1ац)

 

Арен т1ехь бу йижарий: дашо б1аьргаш, к1айн цкъоцкъамаш долуш. (К1айдарг)

Дина ма-деллинехь корта а,когаш а боцуш хуьлу, цхьажимма доккха хилча - когаш, корта а хуьлу? (К1орни)

 

Горга а ду, к1айн а ду, дуккха а 1илла а 1иллина, ц1еххьана иккхича, чохь садоцчу х1уманах чохь садерг хилла? (Xloa а,к1орни а)

 

Б1е ваша цхьана ц1а чохь гулвелла?(К1енан кан).

-Х1ун ю уьш? (К1а , к1орни , к1ац, к1удал).

Х1ун ду церан цхьатера? (Юьххьехь аз (К1) ду).

-Муьлхачу элпаца билгалдо аз (К1) йозанехь?

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , таханлера т1едилларш  аша шаьшша  билгалдаьхна хила дезаш ду. Шайна хазахетачу суьрташ чохь. Х1ун  кхиамаш баха дагахь ду  шу?

(Бераша дуьйцу : шаьш х1ун болх бан дагахь ду).

-Вайна тахана  девзар ду  йозанан  жима а , доккха а элпаш к1, К1  , 1емар ду  и элпаш ша-ша , дешдакъошкахь а , дешнашкахь а кхечу элпех хоьттина а яздан.

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш к1 , К1 довзийтар , яздар.

·        Йозанан жима а , доккха а элпаш к1 , К1 довзийтар.

- Бераш , муьлха элпаш девзира вайна яханчу  урокехь? (к1 , К1).

-Схьагайта  шайгарчу элпаш юккъехь  зорбанан  жима элп к1, доккха  элп К1.

-Хьанна девза  йозанан жима элп  к1? Схьагайта и. Йозанан доккха элп К1 ? Схьагайта.

-И ши элп цхьатера ду  я тайп-тайпана ду? (Цхьатера ду).

-Маса хьаьрках пайдаэцна элп К1 яздеш? (Шина).

-Муьлханаш  ю уьш? (К, 1).

-Элп (К1) цхьалха ду , я шалха ду? (Шалха).

-Хьан делира дика жоьпаш?

Фонетически зарядка.

Москал муха ека? («К1ал-к1ал-к1ал»)

-Муьлха аз хеза ? (К1).

-Аз (К1) мукъа ду  я мукъаза ду? (Мукъаза).

·        Йозанан  жима элп к1 яздар.

(Хьехархочо  тептарш  т1ехь яздина хила деза элп к1. Уьн т1ехь а гойту элп  к1  муха яздан  деза).

к1  к1  к1  к1  к1  к1 к1  к1  к1  к1  к1  к1

-Д1аязде  и элпаш  .Хазачу элпашна т1ехула т1адамаш дахка.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

·        Дешдакъошкахь  йозанан жима элп к1  яздар.

(Уьн т1е д1аяздо  дешдакъош )

к1а  к1о  к1у  к1и  к1е

-Хьан карор дара  дешдакъа К1А  хьалхахь долуш дош? (К1АРА).

-Хьан карор дара  дешдакъа К1О  хьалхахь долуш дош?(К1ОРА).

-Хьан карор дара  дешдакъа К1У  хьалхахь долуш дош?(К1УР).

-Дика кхочуш ди аша и т1едиллар. Д1аязде и дешдакъош.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

·        К1ЕЗА дешан схема х1оттор.

-Х1ун ю х1ара?

 

Къинхетаме ву сан Хожа:

1амийна и хьехархоша,

Шен сил дукха цунна деза,

Байлахь диенаж1аьлин ....(К1еза).

 

-Маса дешдакъа ду  К1ЕЗА  дешан? Муьлханиг ду хьалхара? Шолг1а?

-Муьлханиг ду хьалхара  аз? (К1).

 -Аз (К1) мукъа ду  я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлханиг ду шолг1а  аз? (Э).

-Аз (Э)  мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

Муьлханиг дукхоалг1а   аз? (З).

 -Аз (З) мукъа ду  я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлханиг ду кхоалг1а  аз ? (А).

-Аз (А)  мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Е элпо муьлха аз билгалдо К1ЕЗА дашехь? (Э).

-Х1унда? (Е элпо  мукъаза  элпана т1ехьа нисделчу цхьа аз билгалдо (Э)).

-Маса  аз ду дашехь? Маса элп ду? Маса еък1ов хила еза схемин?

-Х1отта е схема.(Доски т1ехь х1отта йо).

        Ц1

С

        Ц1

С

-Х1ун кхиамаш  бехи аша?

·        Ю элпах лаьцна байт 1амор.

О басах  ца карчийта

Ножах ахь и тасийта.

Цунах элп ша хилийта

« Ю» элп дац и алийта.

-Муьлхачу элпах лаьцна ю байт?

5. Сада1аран миноташ.

К1орнеш

К1орнеш, к1орнеш - можа к1орнеш, -

Кегий горга хаза овгалш,

Нанна т1аьхьа х1иттина

Ков-керт мел ю даьржина:

Ког-м1ара а хьоькхуш байн

Юург-мерг   уьш  лоьхуш дай.

Даккхий т1емаш даржийна,

К1орнешна т1е б1аьрг боьг1на,

Лакха стиглахь куьйра хьийза, -

Ловчкъа д1а, - шу кхин ма ц1ийза! -

К1орнеш, к1орнеш, довдалаш,

Т1емашк1ел д1аловчкъалаш!

Шух катоха куьйра г1ерта,

Дог1ур дац и дийцарх берта.

Къуьрдиг-нана кхойкху хезна,

Кегий к1орнеш, синош дезна,

Хьаьвди-девди нана йолчу;

Шайна дала орца долчу.

(XIapa байташ а йоыпуш, цу т1ехь дуьйцург до бераша хьехархочуьнца цхьаьна.)

 

6. Йозанан жима элп к1 дешнашкахь , дешдакъошкахь  яздар.

 

·        Дешнашкахь  йозанан жима элп к1 яздар.

Уьн т1е д1аяздо дешнаш.

Т1ам , к1ажа , к1ажар , к1удал, к1отар, к1ора.

-Д1адеша и дешнаш. Маса дешдекъах лаьтта  К1ОРА дош?  К1ОТАР?

-Муьлха дош ду совнаха? (Т1ам).

-Х1унда? (Цьнан  цхьаъ бен дешдакъа дац, дисинчу дешнийн  шиша дешдакъа ду).

·        Предложени язъяр.

Уьн т1е д1аязйо предложени.

  Дадас шен к1ентан к1антана  абат ийцира.

К1анта шена деша 1амийра.

-Д1аеша предложени. Муьлхачу  элпаца яздо предложенехь хьалхара дош? Х1ун юьллу чаккхенгахь?

-Д1аязъе предложени.

7. Жам1 дар.

-Муьлха элп  девзи вайна? (К1).

-К1 элпо  муьлха  аз билгалдо? (К1).

-Аз (К1)  мукъа ду  я мукъаза  ду?

Муьлхачу дешнашкахь юьххьехь хеза и аз? Юккъехь ? Чаккхенгахь?

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан бина шен  болх дика кхочуш?

-Кхана  а дуьйла шайн белхан план а х1оттаяй , и кхочушбан г1ирс а хилийта шайгахь.

77-г1а  урок.

Урокан ц1е: « Йозанан  жима а , доккха а элпаш  к1 , К1  яздар».

1алашо: йозанан   жима а , доккха а  элпаш  к1 , К1  кхин д1а а довзийтар. Уьш   шаьш а  , дешдакъошкахь а  яздан  1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна кхин д1а а девзар ду йозанан  жима а , доккха а элп а к1 , К1.  1емар ду  уьш  нийса  а ,хаза а дешдакъошкахь а , дешнашкахь а яздан.

2.  Метапредметни:

·        Регулятивни: берашна  хуур ду  шайн белхан план  х1отто, оцу планан рог1алла а ларъеш дика деша. Берашна 1емар ду  вовшийн кхиамех  самукъадала , вовшашна г1о дан. Берашна  хуур ду  шайн кхиамаш бовза  , царех пайдаэца. Кхачамбацарийн бахьнаш ган , уьш д1адаха а 1емар ду.

·        Коммуникативни: берашна  1емар ду хьехархочун хаттаршна  дуьззина  я доцца жоьпаш дала. Хуур ду  шайна оьшург хата , накъосташца а , вокхаччунца а г1иллакхе бистхила.

·      Познавательни:  Берийн алсамдер ду  ойлаяр , тидам  бар , дешнаш довзар. Берийн шорлур ду фонетически кхиам. Берашна хуур ду  адамийн ц1ерашкахь доккха элп яздеш хилар.Берашна  1емар ду  шайн ц1ахь дуьйна  дешаран  кхиамаш баха  ойла т1е а  ерзина , белхан кечам  а болуш хила.

3. Личностни: берийн дозалла  хир ду нохчийн матах , лаам хир бу  и к1оргера дика 1амо ,цуьнан хазалла ган. Берашна 1емар ду кегий болуш дуьйна шайн амалехь диканиг кхио, вониг д1ататта.

Урок  д1аяхьар.

1. Маршалла  хаттар.

2. Дешаре шовкъ  кхоллар.

·        Ребусаш.

1. К1а т1ехьжа (К1ажа)

2. Ялтех тоха буц (К1абуц)

3. KI    ор чохь га (Klopгa)

-Х1ун ю уьш? (К1ажа, к1буц, к1орга).

-Х1ун ду церан  юкъара? (Юьххьехь (К1) аз хеза).

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , таханлера т1едилларш  аша шаьшша  билгалдаьхна хила дезаш ду. Шайна хазахетачу суьрташ чохь. Х1ун  кхиамаш баха дагахь ду  шу?

(Бераша дуьйцу : шаьш х1ун болх бан дагахь ду).

-Вайна тахана  кхин д1а а девзар ду  йозанан  жима а , доккха а элпаш к1, К1  , 1емар ду  и элпаш ша-ша , дешдакъошкахь а , дешнашкахь а кхечу элпех хоьттина а яздан.

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш к1 , К1яздар.

·        Йозанан жима элпаш  к1 яздар.

(Хьехархочо тептарш  т1е д1аязбина  хила беза  мог1анаш).

·         Йозанан доккха элпаш К1 яздар.

(Хьехархочо уьн т1ехь гойту , муха яздан деза  йозанан доккха элп К1).

К1 К1 К1 К1 К1 К1 К1 К1 К1 К1 К1 К1 К1 К1 К1 К1 К1 К1 К1 К1

-Д1аязде элп  К1 тептарш  т1е.

-Х1ун кхиамаш  бехи аша?

·        Йозанан доккха элп К1  дешдакъошкахь яздан 1амор.

(Хьехархочо уьн т1ехь гойту   йозанан доккха элп  К1 дешдакъошкахь муха хотта  деза).

К1а  К1о   К1у  К1и  К1е

-Д1адеша  и дешдакъош. Д1аязде уьш шайн тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш  бехи аша?

5. Сада1аран  миноташ.    

6. 1амийнарг  т1еч1аг1дар.

·        Дешнашкахь  йозанан жима а , доккха  а элпаш  к1, К1 яздар.

К1ант , к1ур , к1еза, т1ам , х1аваъ.

-Муьлха дош яздина доккхачу элпаца? Х1унда?

·        Предложени  язъяр.

Ала атта ду  , дан хала  ду х1ума.

-Д1адеша  кица. Муха кхета шу цунах?

-Д1аязде и.

·        Т1еч1аг1дар.

Уьн т1е д1аяздо элпаш.

Т1, х1, п1, к1, ч1, ц1 , п1.

-Д1адеша и элпаш. Муьлха меженаш ю церан цхьатера? (Элп 1) ( Х1ора элпехь йолу  меженаш билгалйоху)

·        К1АРА дешан схема х1оттор.

-Т1етоха дош.

Эсана ца оьшу кара,

Цунна езарг ма   ю... (К1ара).

-Маса дешдакъа ду К1АРА дешан? Муьлханиг ду хьалхара? Шолг1а?

-Муьлханиг ду хьалхара  аз? (К1).

 -Аз (К1) мукъа ду  я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлханиг ду шолг1а  аз? (А).

-Аз (А)  мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Муьлханиг ду кхоалг1а  аз ? (Р).

-Аз (Р)  мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

Муьлханиг ду доьалг1а  аз? (А).

-Аз (А)  мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Маса  аз ду дашехь? Маса элп ду? Маса еък1ов хила еза схемин?

-Х1отта е схема.(Доски т1ехь х1отта йо).

        Ц1

С

        Ц1

С

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

7. Жам1 дар.

-Чакхъяккха  сан ойла:

 К1ара , к1ажар , к1а дешнашкахь хеза аз ….(К1).

-Аз (К1)  ца лакхало , цундела иза  ду  …(мукъаза).

-Аз (К1) йозанехь билгалдо жима  , доккха а элпашца..( к1 , К1).

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

-Шаьш кхана бен болу болх билгалбаккха.

 

 

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал "Конспект урока по чеченскому языку на тему "Элпаш К1,к1 яздар", (1-ра класс)."

Методические разработки к Вашему уроку:

Получите новую специальность за 3 месяца

Клининговый менеджер

Получите профессию

Фитнес-тренер

за 6 месяцев

Пройти курс

Рабочие листы
к вашим урокам

Скачать

Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 664 983 материала в базе

Материал подходит для УМК

Скачать материал

Другие материалы

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 01.10.2020 2107
    • DOCX 31 кбайт
    • 185 скачиваний
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Батарова Зулпа Алиевна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    Батарова Зулпа Алиевна
    Батарова Зулпа Алиевна
    • На сайте: 7 лет и 5 месяцев
    • Подписчики: 6
    • Всего просмотров: 663413
    • Всего материалов: 159

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой

Курс профессиональной переподготовки

Экскурсовод

Экскурсовод (гид)

500/1000 ч.

Подать заявку О курсе

Курс повышения квалификации

Актуальные вопросы методики преподавания географии в условиях реализации ФГОС

72 ч.

2200 руб. 1100 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 66 человек из 42 регионов
  • Этот курс уже прошли 245 человек

Курс повышения квалификации

Организация проектно-исследовательской деятельности в ходе изучения географии в условиях реализации ФГОС

72 ч. — 180 ч.

от 2200 руб. от 1100 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 39 человек из 24 регионов
  • Этот курс уже прошли 431 человек

Курс профессиональной переподготовки

Технологии географического образования

Педагог в сфере географического образования (учитель географии)

300 ч. — 1200 ч.

от 7900 руб. от 3650 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

Развитие дошкольного мышления

4 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе
  • Этот курс уже прошли 20 человек

Мини-курс

Эффективное управление электронным архивом

6 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

Педагогические и психологические основы образования

3 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе
  • Этот курс уже прошли 13 человек