Урокан ц1е: Хандешан лааран саттам.
1алашо: Хандешан лааран саттам бовзийтар. Кхечу
хандешнийн саттамах лааран саттам къасто хаар.Даймахке болу безам ч1аг1бар.
Урок д1аяхьар.
I.Ойла т1еерзор.
2.Ц1ахь бина
болх таллар.
3.1амийнарг
карладаккхар.
1. Стенах олу ц1ердош, билгалдош, терахьдош? Муха ю
церан грамматически билгалонаш? Даладе масалш.
2. Легаде таллархо, нана, таллархой, наной. Чак- кхенаш
билгалъяха.
3. Легаде стохкалера шо, стохкалера шераш; бГаьрзе
стаг, г1амарийн гунаш. Чаккхенаш билгалъяха.
4. Уьна а, тетрадаш т1е а д1аязъе предложенеш,
синтаксически къастам бе царна:
1) Ткъолг1а де дара йочанаш йолу, амма берийн
самукъадолура шахматех, шашканех, доминох ловзуш.
2) Цергийн лоьрана т1е кхача луучарех йолхал- rla яра
Малика.
3) Кхузткъалг1а шо дара сан дененан.
4) ПхийтталгГа шо долуш волу к1ант доьзалехь дош лелаш вара.
- Билгалдаха терахьдешнаш. Муьлхачу тайпанан ду
уыы? Церан нийсаяздаран бакъонаш йийца.
- Билгалдаьккхинчу терахьдешан кхолладаларан
некъ бийца.
- Хьалхарчу предложенина бе синтаксически къастам,
х1оттае схема.
- Т1еэцна дешнаш дуй кхузахь? Муха хийцало уьш?
4.. Гайтаран диктант.
Хьалххе уьн т1е
язйина байташ:
Сайн сица, юьхьаца
Хьоьгахьа
вирзина,
Ерриге
ойланца
Хьуна
чувирзина,
Меттан ницкъ
берриг а
Сайн дагца
гулбина,
Йо, Дела, со
хьоьга
Доьхуш ву
тахана:
Дикачу
ойланах
Бузалахь сан
корта,
Уьш толош,
аьтто а
Ахь белахь сан шорта... (М.
Сулаев)
-
Интонацица д1аеша байт.
-
Ц1е тилла цунна (До/а).
-
Х1ун ду автора Деле
доьхург?
-
Муьлхачу стилехь язйина
текст?
-
Хандешнийн саттамаш
билгалбаха.
-
Массо а г1алат дан мега
меттигаш (орфограммаш а, пунктограммаш а) кхачам боллуш талла, карлаяха, церан
яздаран бакъонаш йийца.
-
Тидам т1ебахийтий, дика
еша байташ.
-
Уьн т1ера текст д1аяйа.
Гайтаран диктант язъе.
5. Керла коьчал йовзийтар.
- Х1ун ю вайн урокан ц1е?
-
Х1унда аьлла оцу хандешан
саттамах - лааран? Лексически маь1на муха ду цуьнан? Цхьа х1ума хила лаар
гойтий цо?
-
Д1аязъе уьна а, тетрадаш
т1е а кеп:
-
Лааран саттам.
-
|
КХОЛЛАЛО:
|
Цо гойту дар
|
|
|
Билгалчу
|
я хилар
|
Хандешан
|
Карарчу хе-
|
саттамна т1е
|
кхочушхила
|
билгалзачу
|
нан т1е
-йла
|
г1оьналлин
|
лаар
|
кепана т1е -
|
(-ийла), -ий
|
хандош дела-
|
|
хьара суф.
|
-ла, -да (-лда)
|
ра, велара,
|
|
кхетарца
|
кхетарца
|
елара, бела-
ра кхетарца
|
1. «Аьлла-
|
алахьара
|
хуьлийла
|
вог1ур велара
|
чуьнга ла-
|
дицлахьара
|
уьдийла
|
эр делира
|
дог1ахьара
|
хГоттахьара
|
дохулда
|
х1уттур
|
кегийчара»,-
|
хазахьара
|
дуттийла
|
велира
|
элира къеначу
|
ваг1ахьара
|
лорийла
|
хьоькху
|
стага.
|
дийцахьара
|
хуьлийла
|
делира
|
2. - Де дика
|
тешах ьара
|
|
лорур елира
|
хуьлда хьан!
|
|
|
|
- Марша
|
|
|
|
вог1ийла!
|
|
|
|
3. Со-суо веа-
|
|
|
|
на велира
|
|
|
|
цуьнца
|
|
|
|
-
Х1ун гойту лааран саттамо?
-
Муха кхоллало иза хандешан
билгалзачу кепах? Дал аде масалш.
-
Карарчу хенахь долчу
хандешнех кхоллалой лааран саттам? Муха?
-
Билгала саттамехь долчу
хандашна т1е муьлха дош тоха деза, лааран саттаме доккхуш? Даладе масалш.
Ж а м I дар. Муха кхоллало лааран саттамехь долу
хандешнаш? Х1ун гойту цара?
-
Кепан xlopa
б1ог1амалге язде шайн масалш.
6.1амийнарг т1еч1аг1дар.
1.
Кхочушде 28-г1а шардар.
2.
Д1аязде билгалзачу
кепан хандешнашна уллохь церан лааран саттам:
оза
- хьакха - ч1аг1дан - ван - довза - эца - тодан - хадо -
3.
Дешнийн
цхьаьнакхетаршна къастам бе, хан- дешнийн саттамаш билгалбаха.
Баркалла алахьара, декъал хуьлда, беркате хуьлий- ла,
декхар кхочушдойла, ловзур елира, дуьйцур делира, водур велира, дика лелахьара,
хаа лаахьара, чуваг1ахьара вайга, вог1улда марша, д1абохург дахьара.
7.Рефлекси
Ц1ахь бан болх.
4.
1амае 3-г1а §.
5.
Кхочушде 29-г1а
шардар. Лоьхург бохучу даш- на бе фонетически къастам.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.