89-г1а
урок.
Урокан ц1е: «
Йозанан жима а , доккха а элпаш щ,Щ яздар».
1алашо: йозанан жима а , доккха
а элпаш щ,Щ довзийтар.
Уьш шаьш а , дешнашкахь а яздан 1амор.
Кхочушдан
лерина жам1аш:
1
.Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а , доккха а элп
а щ,Щ. 1емар
ду уьш нийса а ,хаза а дешнашкахь яздан.
2.
Метапредметни:
·
Регулятивни: берашна
хуур ду шайн белхан план х1отто, оцу планан рог1алла а ларъеш дика деша.
Берашна 1емар ду вовшийн кхиамех самукъадала , вовшашна г1о дан. Берашна
хуур ду шайн кхиамаш бовза , царех пайдаэца. Кхачамбацарийн бахьнаш ган , уьш
д1адаха а 1емар ду.
·
Коммуникативни: берашна
1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина я доцца жоьпаш дала. Хуур ду шайна
оьшург хата , накъосташца а , вокхаччунца а г1иллакхе бистхила.
·
Познавательни: Берийн
алсамдер ду ойлаяр , тидам бар , дешнаш довзар. Берийн шорлур ду фонетически
кхиам.Берашна хуур ду щ элп оьрсийн маттера т1еэцначу
дешнашкахь бен ца лелар .Берашна 1емар ду шайн ц1ахь дуьйна дешаран кхиамаш
баха ойла т1е а ерзина , белхан кечам а болуш хила.
3.
Личностни:берашна хуур ду шайн могашаллина пайдениг ган ,
лело.. Берашна 1емар ду кегий болуш дуьйна шайн амалехь диканиг кхио, вониг
д1ататта.
Урок
д1аяхьар.
1. Маршалла хаттар.
2. Дешаре шовкъ кхоллар.
·
Ловзар: «Муьлха дешнаш ду совнаха».
-Бераш , аса уьн т1е д1аяздинчу дешнашна оьшу
дакъа т1етоха.
Ёл…, верто…, фут…., фор…., щёт…,бор…, пла…..
-Муьлха дешнаш ду уьш? Муьлханаш ду совнаха?
(Щетка, борщ , плащ).
-Х1унда ду уьш совнаха? (Элп щ вайна яздан ца
хаьа).
-Д1аязде дисина дешнаш.
3. 1алашо йовзийтар.
-Бераш , таханлера т1едилларш аша шаьшша
билгалдаьхна хила дезаш ду. Шайна хазахетачу суьрташ чохь. Х1ун кхиамаш баха
дагахь ду шу?
(Бераша дуьйцу : шаьш х1ун болх бан дагахь ду).
-Вайна тахана девзар ду йозанан жима а , доккха
а элпаш щ,Щ. 1емар ду и элпаш ша-ша дешнашкахь а кхечу элпех
хоьттина а яздан.
4. Йозанан жима а , доккха а элпаш щ,Щ
довзийтар , яздар.
·
Йозанан жима а , доккха а элпаш щ,Щ довзийтар.
-
Бераш , муьлха элпаш девзира вайна яханчу урокехь? (щ,Щ).
-Схьагайта
шайгарчу элпаш юккъехь зорбанан жима элп щ, доккха элп Щ.
-Хьанна
девза йозанан жима элп щ? Схьагайта и. Йозанан доккха элп Щ
? Схьагайта.
-И
ши элп цхьатера ду я тайп-тайпана ду? (Цхьатера ду).
-Хьан
делира дика жоьпаш?
·
Йозанан жима элп щ яздар.
(Хьехархочо
тептарш т1ехь яздина хила деза элп щ. Уьн т1ехь а гойту элп щ
муха яздан деза).
щ щ щ щ щ
щ щ щ щ щ щ щ щ щ щ щ щ щ
-Д1аязде
и элпаш . Хазачу элпашна т1ехула т1адамаш дахка.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
·
Дешнашкахь йозанан жима элп щ яздар.
Уьн т1е д1аяздо дешнаш.
Шовда, ваша , плащ, борщ, щетка
-Шина тобане декъа и дешнаш. Муьлха дешнаш далийна
аша хьалхарчу тобане? (Шовда, ваша).
-Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш хьалхарчу
тобане? (Царна юкъахь ду элп ш).
-Муьлха дешнаш далийна аша шолг1ачу тобане? (Плащ,
борщ, щетка).
-Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш цхьана
тобане? (Царна юкъахь ду элп щ).
-Х1ун бахалла ю шолг1ачу тобанера
дешнийн?(Оьрсийн маттера т1еэцна ду).
-Щ элп оьрсийн маттера т1еэцначу дешнашкахь бен
ца лела.
-Д1аязде и дешнаш.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
5. Сада1аран миноташ.
Вай
яздира,
яздира,
Куьйган
п1елгаш к1адделира.
Вай
жима садо1ур ду,
Т1аккха
юха а яздийр ду.
6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
·
Йозанан доккха элп Щ яздар.
Уьн т1ехь гойту ,муха яздан деза элп Щ.
Щ Щ Щ Щ Щ Щ Щ Щ Щ Щ Щ Щ Щ Щ Щ Щ Щ Щ Щ Щ Щ
-Д1аязде Щ элп шайн тептарш т1е..
·
ЩЁТКА дешан схема х1оттор.
-Х1ун ю х1ара?
Бедарш, мачаш, цергаш ц1анъеш,
Хила езаш ю къоъ щётка.
-Маса дешдакъа ду ЩЁТКА дешан? (Шиъ).
-Муьлханиг ду хьалхара? Шолг1а?
-Муьлханиг ду хьалхара аз ?(Щ).
-Аз (Щ) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).
-Муьлханиг ду шолг1а аз? (О).
-Аз(О) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).
-Х1унда ду Ё элп долчохь аз (О)? (Ё элпо цхьа аз
(О) билгалдо , мукъаза элпана т1ехьа нисделча).
-Муьлханиг ду кхоалг1а аз? (Т).
-Аз (Т) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ду).
-Муьлханиг ду доьалг1а аз? (К).
-Аз (К) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).
-Муьлханиг ду пхоьалг1а аз? (А).
-Аз (А) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).
-Маса аз ду ЩЁТКА дашехь? (Пхиъ).
-Маса элп ду? (Пхиъ).
-Маса еък1ов хила еза вайн схемин? (Пхиъ).
-Йилла схема.
·
Предложени язъяр.
Уьн т1е язйо предложении.
Хадижата цергаш щёткица ц1анйо.
Кхечу щеткица шеен бедарш ц1анйо цо.
-Д1аяз предложенеш тептарш т1е.
7. Жам1 дар.
-Чакхъяккха сан ойла:
Щётка дашехь хеза аз ..(Щ).
Аз (Щ) йозанехь билгалодо …(Щ,щ) элпаца.
Аз (Щ) ца лакхало, цундела иза ду ….(мукъаза
аз).
Элп Щ ца хуьлу нохчийн дешнашкахь , хуьлу
т1еэцначу ….(т1еэцначу) дешнашкахь.
8. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан бина шен болх дика
кхочуш?
-Кхана а дуьйла шайн белхан план а х1оттаяй , и
кхочушбан г1ирс а хилийта шайгахь.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.