Урокан ц1е: Хьекъал долу йо1 а,кхиэлахо а.
Урокан 1алашо:туьйранан чулацаман к1орггера маь1на довзийтар ;дика а,вон а,хьарам,хьанал,ямартло,тешнабехк бохучу дешнийн маь1нина дешархой т1екхиор;Нохчийн халкъан барта кхолларалла мехала ларар;Даймахке а,нохчийн матте а болу безам алсамбаккхар,дешархойн къамел кхиор.
Белхан г1ирсаш: киншка,карточкаш,компьютер,экран,слайдаш.
Урокан д1аяхьар.
I. Маршалла хаттар. Урокана кечам бар.
Мотиваци.(слад №4)
Шуьга ду маршала
Хьомсара дешархой
Дехийла,ирс хуьлда
Ховшалаш охьа
Могуш –маьрша шу гар-
Дийнан беркат ду.
1илмане шу кхийдар-
Мах боцу совг1ат.
II.Ц1ера болх таллар.
1.Х1ун хаьа вайна х1окху туьйранехь вийцинчу стагах лаьцна?
2.Х1ун къевсира воккхачу стага а,совдегаро а?
3.Муха йола аьлла кхиэлахочо йо1е?Д1аеша и меттиг.
III.Тобанашкахь болх байтар.(слайд №9 ,10,11,13,14)
1-ра тоба- Кхиэлахочо т1едиллинарг муха кхочушдина совдегаро?
2-г1а тоба- Уггаре ерстинарг гуьйре х1унда ю аьлла хета шуна?
3-г1а тоба- Хазаниг я аьлчи б1аьсте олий жоп х1унда ло йо1а. Муха кхета шу цуьнах?
4-г1а тоба- Уггар масаниг (ойла) ю х1унда аьлла? Цуьнан маь1на де.
IV. Керла тема йовзийтар.
V. Сада1аран миноташ.(слайд №16)
VI. Тобанашкахь болх.
1-ра тоба-Кицнаш вовшах таса.
2-г1а тоба- Дешнашна синонимаш а ,антонимаш а даладе.
3-г1а тоба- Нохчийн а,оьрсийн а маттахь фразеологизмаш даладе.
4-г1а тоба-Дайна элп дилла.дешнаш оьрсийн матте даха.
VII. Урокан т1еч1аг1ъяр.
Сурт х1оттор. (сценка)
Синквейн .
1.Хьекъал.
2.Ира,йоь1ан.
3.Яхара,туьйлира,пайдаийцира.
4.Йоь1ан хьекъало толам баккху.
5.Кхетам.
VIII. Урокан жам1 дар. Рефлекси.
Чекхъяккха предложенеш
Суна урок………………
Тахана суна урокехь хиира…
Ас тахан бинчу балхана со реза………..
Хадабе шаьш бинчу белхан мах.(вовшийн мах хадабойту)
Ц1ера болх: аг1о.82-86 еша,барта схьайийца.
Баркалла массарна а! Дела реза хуьлда!
1-ра тоба
Нийса вовшах таса кицнаш.
Коьртехь хьекъал ца хилча,……къамел доца хир ду.
Кхоччуш хьекъал долчуьнан ……цкъа а хир дац.
Ткъа шарчохь ца хилла хьекъал…..когаш къа хьоьгу.
Хьекъал долчу коьртехь,….хьекъал а лара.
Стеган хазалла ца лоруш,дикалла а….куралла хир яц.
2 г1а тоба.
Даладе:
синонимаш : антонимаш:
говр- миска-
1ахар- новкъа
Пхьор- къена-
Хьекъал- жима-
3-г1а тоба
Нохчийн а,оьрсийн а маттахь даладе фразеологизмаш.
4-г1а тоба
Дайна элп дилла.
Туь…ра, кхи…лахо, с…вдегар, хьекъ..л,з1ок…еттарг,гуь…ре,юьстах…юьйлу.
Оьрсийн матте даха дешнаш:
Пхьор- 1ахар-
Совдегар- кхиэлахо
4 тоба-Уггар масаниг (ойла) ю х1унда аьлла? Цуьнан маь1на де.
Алсам дешнаш х1иттаде.
Совдегар-
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.